Бицбан йиш йоцу хиламаш

    ТIедеанчу хIора шаро тIеттIа генадоху вай нохчийн халкъан исторехь Iаламат боккхачу бохаман оцу хиламна. Кхачалуш лаьтта цуьнан теш хилларш. Амма, баккхийчеран дийцарийн, йозанийн цхьаццадолчу хьостанийн буха тIехь, шайн дагалецамашкахь ша къаьстина цхьа меттиг Iалашйо оцу бохамна дIадаханчу бIешеран шовзткъеитталгIа шераш дIалилхинчул тIаьхьа дуьнен чу девллачу чкъоьрнаша. Цхьа а тайпа шеко йоцуш, кIезиг хир бац царна юкъахь иштта тоьшалла хезнарш а:

    «Дукха тIех юьзначу «бежнийн вагонаш чохь» серло, хи доцуш, цхьана баттахь гергга, дIаихира тхо цкъа а евзина йоцчу меттигашка… Даржа доладелира ун. Лелош цхьа а тайпа дарба дацара, дIабоьдуш бара тIом… Садолу хIума доцчу эрна арахь йолчу  меттигашкахь, йоццачу ханна севццачу хенахь, цIерпоштан некъана уллохь (вагонал пхи метрал сов дехьаваьлларг верна кхерам бара), белларш дIабухкура кIуьрзо Iарждинчу лайлахь».

Нохчийн халкъо лайначу къизаллин тешаш хилла дуьсур ду цуьнан исторехь  кху лахара терахьаш а. Тилкхаздевлла а, хьесапе эцаза а цхьаъ  висарна кхоьруш санна дагардо хIетахь Iедало махках дохуш долу адамаш: 1944-чу шеран 9-чу мартехь махках ваккха тIеэцна 493 269 (!) стаг. ДIахьажийна 1 180 шалон, хIоранна юкъахь 65 вагон а йолуш, хIора шалон чохь 2 740 стаг а волуш. Хьесапе эцна цхьана вагона чохь хилларш а – 42 стаг. Цунах а тоам ца хилира. Шайн ворхIе а да ваьхначу лаьтта тIехь Iаш берш гIовттийна ца Iаш, доза доцуш боккха болчу мехкан кхечу меттигашкахь бехаш хилларш а, шайн Даймехкан дуьхьа дахарш дIадала  кийча берш а дIахьовсийра дерриге а халкъ даха хаийначу меттигашка.17p_chechnya_026

Кхин цхьа бакъдерг а дало лаьа, халкъ хIаллакаллин зиле кхачо хIетахьлерчу Iедалша шайна хьалха Iалашо хIоттийна хилла хиларна тоьшалла деш. Нохчий дIакхачийначу  дукхах йолчу меттигашкахь царна хIусам ца елира, кхачо ца йира кхачанан сурсаташца, колхозийн, совхозийн куьйгалхоша яккхий дуьхьалонаш йора уьш балха эцарна. Цуьнан тIаьхье яра дIадохка ца ларош адамаш кхалхар, дахарна кхераме  цамгарш лехьор, хIоьттина мацалла. Оцу дерригено а, дуьззина доцчу шийтта шарахь, ах гергга халкъ кешнийн керташка дерзийра.

Иштта дара и дерриге а, шен сих чекхдаьлла волчу стага цкъа а дицдийрдоцу бакъдерш…

Халкъан дахарехь и хиламаш хилла кхузткъе итт шо сов зама дIаяьлла а хилча, хIетахьлера чкъор, доккхах долчу декъана, бакъдуьнена дIадирзина а хилча, юх-юха а дийца, карладаха оьшурий-техьа аьлла, бехк баккха а тарло соьгара таханлерчу чкъурах цхьаццаболчара. Суна-м оьшу аьлла хета. ХIунда аьлча, дIадахнарг доцуш хиндерг хуьлийла дац. ДIадахнарг довзарал сов, цуьнан маьIна даккха а деза, хила тарлучу бохамех лардалархьама. Иза гIуллакхан цхьа агIо ю. Ткъа шолгIаниг, сайх кхетар бу аьлла хета суна сайн бIаьргашна хьалха и дIадаханарг карладаккхарх. Вайх хIоранна гуттаренна а дагахь ма-буьсу дуьненчохь яьккхинчу хенан йохаллехь  билггал болу цхьа хилам. ХIора стеган а шен-шен бу иза: цхьаьннан дагчохь коьрта маьIна лелийна оцу хиламо, дахаран новкъахь сирлачуьнга кхийдаш, ткъа вукхуьнан кест-кеста ойла ян дезна  шегара евллачу ледарлонийн, хиллачу эшамийн.

Сацар долуш, цхьанаэшшара дIайоьдуш ю зама, керл-керла хиламаш юкъа а балош. Ишттачарах цхьаъ сан дагчохь а бисина. ХIора шарахь шен барам  чаккхене боьрзуш, дIабоьдуш болчу сан чкъуран кхетамехь коьртачарах  хилла дуьсур ду, нохчийн халкъана ша дехаш хиллачу меттигашкахь парггIат дIасалела бакъо ялар, ах гергга халкъ хIаллакдеш цунна тIехь кхоьллина хиллачу ямартчу харцонна Iедалан уггаре а лакхарчу тIегIанашкахь къера хилла хилар,  нийсо меттахIоттор. Жимма тIаьхьо шен дай баьхначу лаьтта тIе юхадерза цунна бакъо ялар. Кхочушхилира дехачу кхойтта шарахь сатийсинарг.

Юьхьанцарчу шовкъаллехь царах дукхахболчарна дицделира шайна тIехь латтийна Iазап, лайна халонаш. ХIораммо а коьртаниг  лорура  шен дех дисинчу декъа тIехь ваха бакъо хилар. Шайн Даймахка юхаберза таро хилчхьана уьш реза бара и дерриге а дицдан – мацаллина, шелонна белла шайн дай-наной, вежарий-йижарий, доьзалхой, кхиболу гергарнаш, казахийн, гIиргIизойн лаьтта тIехь бухадуьсуш долу церан кешнаш. Билггал хьесапаш дина цахиларна и терахьаш яккхий шеконаш кхуллуш делахь а, тахана исторехь билгалдохуш дерш иштта ду: шен хIусамех ваьккхина хиллачу ах миллион гергга стагах 1959-чу шарна бухависинарг 256 эзар стаг бен вацара.

Бакъду, бIаьргашна дуьхьал тесна хилла марха дIаяьлча, данне а кхечу кепара маьIна даккха дийзира оцу хиламан. Ас ца дуьйцу нахана шайн махка берза таро луш хиллачу бакъонех йохк-эцар лелийна хиларх. Коьртаниг лара догIу, бакъо яларе ца хьоьжуш официальни хаамашца 1957-чу шеран бIаьста а, аьхкенан хьалхарчу баттахь а шен дай баьхначу махка юхавеанарг 140 эзар стаг хилла хилар.

Цуьнца цхьаьна кхин цхьаъ а ду  билгалдаккха дезаш – Iедалан лаккхарчу тIегIанехь хиллачу сацамца республика меттахIоттийна хиллехь а, цIа доьрзуш долу адамаш тIеэца кечвелла Iаш цхьа а хилла цахилар. Оцу хьолан тешаш хиллачу сан чкъурах болчарна   дагайогIур ю 1957-чу шеран июнехь Соьлжа-ГIаларчу цIерпоштнекъан вокзалана уллорчу некъаш тIехь лаьттина хилла адамех йоьттина вагонаш. Шайн хилла хIусамаш юхаерзор ю бохург-м хьехочохь а дацара, адамашна ур-аттал шайн ярташка дIадаха бакъо а ца лора меттигерчу Iедалша. Дихкина дара царна шайн дай баьхначу Шуьйтан, Шаройн, лаьмнашкарчу кхечу районашка юхадерзар. ТIаьхьо шен  ондда «тIаьхьенаш» а елира оцу ямартчу политико – меттахIотто ницкъ ца кхечира даьхнилелоран сурсаташ, дахаран тIамал хьалхарчу шерашкахь хилла барамаш. Муха кхочур бара, нагахь нохчийн меттигаш дIалаьцна Iийначара шаьш дIабоьлхуш,  дерриге а даьхни дIадигна хилча, цу тIе шаьш чохь хан яьккхина хилла нохчийн  хIусамаш хIаллак а еш. Оцу шерашкахь говзанчаша а, Iилманчаша а (царах цхьаъ вара вайн республикехь дика вевзаш хилла экономикин Iилманийн кандидат Арсанукаев) деш хиллачу хьесапашца бIеннаш эзарнашкахь дара вай долчуьра дIадигна даьхни.  Цунна къеггина тоьшалла ду Веданан районан масал а: республика меттахIоттоле  цхьа-ши шо хьалха цигахь ткъеитт эзар гергга уьстагI хиллачу пачхьалкхан бахамашкахь (статистикин официальни хаамашца) меттахIотторан хьалхарчу шеран жамIашкахула цхьана эзарне кхочуш а уьстагIий дацара.

Шайн Даймахка юхадоьрзуш долчу адамашна гIо дар-м хьехочохь а дацара, уьш шайн хIусамашка юхадерзарна шайн ницкъ кхочучу кепара дуьхьало йора меттигерчу Iедалша.Теттина мах а луш, юхадерзадора наха бакъонца шайн хилла дакъош. Иза дича а чекх ца долура гIуллакх, тIехIуттура рогIера хало, адамаша шайн кисанара ахча а луш, схьаэцна   бахамаш Iедалан органаша уьш долахой ца хIиттош. Жимма хан бен ца ийшира оцу ямартчу политикех  нах кхета. Нохчий цIа берзарна дуьхьал массо а тIегIанашкахь,  къайлах лело долийна хиллачу гIуллакхийн юьхь хиллера иза. Нохчий юха а арабахар лоьхуш 1958-чу шарахь дIабаьхьначу гуламаша ма-ярра схьагайтира Iедалан бакъйолу юьхь, цо юьхьарлаьцна хилла Iалашонаш.

Иза а гIуллакхан цхьа агIо бен  яцара. Адамаш шайн хIусамашка дерзаран декъехь еш йолчу новкъарлонех гIуллакх ца хилча, юкъаяьккхира керланиг, кхин а йоккханиг. Цецах луьттуш чекхвоккхура цхьанхьа балха хIуттуш верг. Уггаре а хьалха бале йолург прописка яра. Иза яцахь балха хIотталур ву бохучуьнга сатийса оьшуш а дацара. И бахьанехь масех шо даьлча а, Соьлжа-ГIалахь Iаламат кIезиг бара нохчий, цо тIедалийра гIалина гуонаха керла поселкаш кхоллаяларна. Куьйгийн пIелгашна тIехь багарбан таро йолуш бара дахаран хьашташ кхочушдечу преприятешкахь, гIишлошъяран организацешкахь, транспортехь белхаш беш болу нохчий. ХIетахь юкъабеара вайна «шабашник» боху кхетам а. Ткъа промышленностах дерг аьлча, гIалахь ерш оборонан маьIна долуш ю, бохуш вайнах царна аьттехьа а ца буьтура. Иза хьалхарчу рогIехь мехкадаьттанах гIуллакх даран комплексах а, «Красный молот» заводах а хьакхалуш дара, тIом хилале хьалха цигахь белхаш беш нохчий хилла хиллехь а. Дика дагадогIу, хIетахь химин заводехь болх бан нохчийн жима стаг дIаэцнийла хиъча БухIан-Юьртара кегий нах цецбийлар. Цара хьесапе ца оьцура и кIант да тIеман ветеран хилар бахьанехь цига дIаэцна хилар, царна коьртаниг дара сел йоккхачу заводехь дуьххьарлера нохчи болх бан волавалар.

Иттаннаш, бIеннаш дара хIетахь иштта масалш. Шайна дуьхьал хIиттош йолу Iаламат яккхий дуьхьалонаш эша а еш, бакъ-харц шайн ярташка юха а боьрзуш, дIатарбелира нах масех шарахь. МеттахIиттийра кхойтта шарахь куьг тохаза лаьттина гIишлош, цIинйира   хIусамаш. Евзар йоцуш хийцаелира ярташ. Лакхабелира сий-ларам. Вайн адамаш хIора аьхка республикал арахьа белхаш бан дIаэхар бахьанехь чIагIъелира кхечу къаьмнийн векалшца йолу вайн юкъаметтигаш, шоръелира вовшашца йолу уьйраш. ТIаьхьарчу чоьтехь нохчи вуйла хиъча тоам беш зама а еара, цуьнан дашах тешархьама.

Дицдала, дицдан йиш яц ишттаниг. ХIунда аьлча, оцу дерригено а, дерриге а дуьненна кхин цкъа а гайтира нохчийн халкъ стенна хьуьнаре ду, цуьнан доьналла, иза машаре халкъ хилар. Цундела сан хенарчу чкъуран дагалецамашкахь гуттаренна а буьсур бу  и хиламаш.

Л.МАГОМАЕВ

№21, еара, чиллин (февраль) беттан 25-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: