1960-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н пачхьенна Къилбаседа-малхбузехь ян йолийра тайп-тайпана гIирсаш – амперметраш, вольтметраш, ручканаш,кхиерш еш йолу «Оргтехника» завод. 1962-чу шеран 1-чу майхь схьайиллира иза. Ткъа шо даьллачул тIаьхьа, коьртачу декъана электрографически аппараташ арахоьцура заводо. Цу хенахь заводехь 8 цех, 34 дакъа, 64 бригада, 19 отдел, 1 628 белхало вара.
Таханлерчу дийнахь Нохчийн Республикин промышленностан а, энергетикин а министерствон Пачхьалкхан унитарни предприятис «Оргтехника» заводо беш болу болх бовзийтира тхуна заводан коьртачу инженера Магомадов Тимура.
«Таханлерчу дийнахь кхузахь болх беш ю эчиг механически кечдаран, эчиган конструкцеш вовшахтасаран, сваркин а, муьлххачу а чолхечу эчиган (емкосташ, фермаш, гидрозатвораш), халкъалахь дика дIаоьцуш болу (банкашна негIарш тIехьовзоран машенаш яр) гIирсаш баран цехаш, – дуьйцура Т.Магомадовс. – Стохка дуьйна заводан кертахь болх беш ю «Роснефть-бурение» организацин филиал. Цуьнан производствон буха тIехь бурутохаран сервисни хьашташ кхочушдаран участкаш а ю кхузахь».
Цо дийцарехь, бурутохарна оьшуш болу, берриге бохург санна, гIирсаш хIокху заводехь арахоьцуш бу. Масала, насосаш, катушкаш, флансаш, бурутохаран, мехкадаьттадаккхаран биргIанаш, хадоран-вовшахтасаран (перенарезка), чIагIонан материалаш. Геологашна таллам дIабахьа оьшуш болу бурутохаран гIирсаш вовшахтасар, царна ремонт яр дIахьо кхузахь.
«Тхаьш бечу балхана оьшуш йолу коьчал сертифицированни ерг бен ца оьцу оха, цунна хьалххе заявка чу а ло. Ерриге бохург санна, Россехь йолчу заводашца барташ бина. Тхан коьрта болх тIехьажийна бу «Роснефть-бурение» организацин хьашташ кхочушдарна. Заводо бечу белхех уггаре а халаниг бу иза. Цул сов, и белхаш бан оьшуш йолу бакъе (тендор) къевсина яккха езаш хуьлу.
2014–2015-чуй шерашкахь Шуьйтан районерчу Кхокхатахь Орга хин йистехь а, Кировн цIарахчу поселкехь Соьлжа хин йистехь а йина йолчу каскадни гидроэлектростанцешна оьшуш болу гIирсаш хIокху заводехь кечбина. Уьш циггахь тхан белхалоша вовшах а тесна.
Мескитарчу №12 йолчу бурутохаран установкин сервисни хьашташ кхочушдеш бригада ю болх беш, хIоттийначу планаца бурутохаран гIирсашна ремонт еш, – кхидIа дуьйцура Т.Магомадовс.
ТIейогIучу хенахь Дагестанехь, ГIалгIайчохь, Нохчийчохь йолчу бурутохаран 5 установкина тIехь белхаш дIаболабан дагахь бу кхузара говзанчаш. Германерчу Henshel заводаца, цIерпоштнекъийн транспортан дакъош (редукторш, нуьцкъала агрегаташ) дар а ду Iалашонехь. Юьхьанца иза локализаци яран болх хир бу, кхечу кепара аьлча, белхийн цхьадолу дакъа оха а деш, дисинарг вукхара дийр долуш. Бинчу белхийн дикалла толлуш, царна сертификаташ лур ду. Цул тIаьхьа, оьшуш долу паспорташ дохуш, дIабохьуьйтур бу цIерпоштнекъийн транспортан объекташка.
Новочеркасскерчу электровозийн заводана тIера акционерийн къевлинчу юкъараллина Трансмаш Холдингана тIекхаччалц латто аьтто хир бу тхан и тайпа гIирсаш. Трансмаш Холдинг Россин транспортан рынкехь лидер ю, цо магистральни, маневрови тепловозаш, кирадIасалелоран, адамаш дIасадигаран вагонаш, кхиболу гIирсаш бо.
ХIокху шеран 1-чу мартехь дIаболор болуш бу ГIалгIайн Республикерчу «Серноводская-25» установкин сервисни хьашташ кхочушдаран белхаш. Оцу гIуллакхана оьшуш долу кехаташ ду кечдеш, промышленни, технически кхерамазалла ларъеш долу.
Массанхьа а санна, кхузахь а хаало говзанчаш цатоаран хало. Цхьадерг ерриге а Россехь хIоьттинчу кризисца доьзна ду. Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетехь заочни кепара доьшуш болу къона говзанчаш бу заводехь токаран, сварщикан белхаш беш».
Дикачу белхалойн цIерш яха аьлча, Т.Магомадовс билгалваьккхира эчиг механически кечдаран №1 йолчу цехан мастер Эльбукаев Руслан. Иштта дукха хенахь дуьйна заводехь болх беш а, кегийрхойн хьехамча а волу Сулейманов Керим.
Заводо беш болу болх билгалбаьккхина Россин Федерацин промышленностан а, махлелоран а, Нохчийн Республикин промышленностан а, энергетикин а министерствоша. Цара делла дипломаш а, Баркаллин кехаташ а, Сийлаллин грамоташ а ю заводан.
Л.ИБРАГИМОВА
№21, еара, чиллин (февраль) беттан 25-гIа де, 2016 шо