Хьарамчух ларделча, болх беркате хуьлу

Нажи-Юьртан районерчу бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран туьшан куьйгалхоша шайн хIора дийнан балхахь боккха тидам тIебохуьйту коррупцица къийсам дIабахьаран гIуллакхана. Иза дIахьо «Коррупцина дуьхьал болх дIабахьаран хьокъехь» долчу 2008-чу шеран 25-чу декабрехьлерчу №273-ФЗ йолчу Федеральни законца а, «Нохчийн Республикехь коррупцина дуьхьал болх дIабахьаран хьокъехь» долчу 2009-чу шеран 21-чу майхьлерчу №36-РЗ йолчу Нохчийн Республикин законца а нийса а догIуш.i

   Коррупцина дуьхьал гIуллакхаш дIадахьаран Iалашонца хIокху туьшехь вовшахтоьхна леррина белхан тоба. Цу юкъаозийна юкъараллин организацийн векалш. Цара, вовшах дага а бевлла, белхан план хIоттийна. Цу тIе а тийжаш дIахьо тобанан декъашхоша шайн болх. Масала, дIадаханчу 2015-чу шеран хIора кварталехь белхан тобано шен кхеташонашкахь дийцаре дора дIабаьллачу билггалчу муьрехь дина гIуллакхаш, тIейогIучу хенахь дан дезаш дерш.

Туьшахь гуччу меттехь дIатоьхна стенд ю. Цу тIехь туьшо беш болчу белхан а, цунна тIехь долчу декхарийн хьокъехь а хаамаш бу. Циггахь дIатоьхна ю коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьарх лаьцна дуьйцуш йолу материалаш. Болх беш ю «тешаме» телефон. ДIахIоттийна ю бахархошка шайн аьрзнаш а, дехарш а чутийсийтарна лерина яьшка. ТIеоьцуш болу бахархой хьесапе оьцуш журнал ду. Уггаре а мехала хета, коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьаран хьокъехь долу дерриге а нормативни документаш чохь долу папка кхузахь хилар. Царах пайдаэца аьтто бу бахархойн.

Белхан тобанан кхеташонашкахь, лакхахь хьахийначарал совнаха, дийцаре до отделенийн заведующешка коррупци лелаяйта бахьанаш цахилийтаран хьокъехь долу гIуллакхаш. Тобанан декъашхоша боккха тидам тIебохуьйту коррупци лелорна бахьанаш кхолладалар стенца доьзна ду хьовсарна. Кхаьънаш далар а, эцар а санна долу зуламаш дарна некъаш дехка хьовсу уьш. ЦхьамогIа кхин гIуллакхаш а дийцаре до. Иштта, белхан тобанан кхеташонашкахь ладугIу планаца билгалдина гIуллакхаш кхочушдарна жоьпалла болчеран отчеташка.

– Тхайн социальни белхахошкахь коррупци лелочаьрга а, коррупцица доьзна зуламаш деш болчаьрга а цабезам кхолла лууш болх беш ду тхо. Оха массаьрга а дIахьедина коррупци лелочаьрца машаре юкъаметтиг хирг цахилар, – бохура туьшан директора И.Бешировс. – «Дахаран-Iеран» коррупци хиллане а цахилийтархьама оха тхайн коллективехь хIара тайпа гIуллакхаш до: туьшан болх цхьа а къайле йоцуш, бевзаш бо; чIагIйо юкъараллин организацешца а, шуьйрачу хаамийн гIирсашца а йолу зIенаш. Цаьрца йолу зIенаш чIагIйо коррупцин гучудийларшна дуьхьал цхьаьна къийсам дIабахьаран Iалашонца. Цаьргахь коррупцига цабезам кхиабар мехала гIуллакх ду.

Оцу ойланца туьшан куьйгалло дIахьош болчу белхан тIаьхье беркате ю. ТIаьхьарчу хенахь бахархошкара аьрзнаш ца кхаьчна, уьш Туьшан балхана резабоцуш меттиг ца хааелла.

 

№21, еара, чиллин (февраль) беттан 25-гIа де, 2016 шо

Д.ХУСЕЙНОВ

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: