Нохчийчохь хьошалгIахь – «Изборски клуб»

Нохчийчу кхачар

 Соьлжа-ГIаларчу аэропорте «Изборски клубан» векалшна дуьхьал веара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, цуьнан заместительш, шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахой, кхиберш.IMG_2636

Хьешашна юкъахь вара «Завтра» газетан коьрта редактор, яздархо, публицист, «Изборски клубан» председатель Проханов Александр а, «Копье Пересвета» хаамийн-аналитикин туьшан куьйгалхо, «Изборски клубан» регионашна а, дуьненан а юкъарчу гIуллакхийн жоьпаллин секретарь Фомин Олег а,  политикаш а, клубан публицисташ а.

– Тхан ши Iалашо ю: хьалхара – кхузахь тхайн клубан филиал йилла лаар, шолгIа – нохчийн низамах Iама гIортар, – клубан векалш Нохчийчу бахкарх лаьцна,–   элира Проханов Александра.

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата «Изборски клубан» декъашхой вай долчу бахкарх лаьцна иштта элира:  «Проханов Александр – таханлерчу дийнахь тоьллачу хьесапдархойх, хьикматхойх  цхьаъ ву. Вайн декхар ду кхуьнга а, кхуьнца болчаьрга а ладогIар а, цара дуьйцучух нийса кхета гIортар а».

Аэропортера схьабоггIушехь «Сийлаллин Аллей» комплексе баьхкира клубан декъашхой.

Клубан председатела Проханов Александра а, политолога, публициста  Нагорный Александра а, журналиста Коровин Валерийс а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра  Умаров Джамбулата а «Сийлаллин Аллейрчу» Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин мемориалана хьалха зезагаш дехкира.

– Кхузахь синтем хуьлу тхуна, хIунда аьлча Ахьмад-Хьаьжа вайн заманан уггаре а сийлахьчу адамийн могIарера стаг вара. Гуонаха  къизалла а йолуш гIаьттира иза. Оцу къизаллина, зуламна дуьхьал хIоьттира иза, тIаккха и къизалла а, и зулам а эшийра. Цо Iалашдина шен къам а, республика а, – элира Проханов Александра.

Республикин вузийн студенташца цхьаьнакхетар

   Цхьаьнакхетар дIадаьхьира Нохчийн пачхьалкхан университетан коьртачу корпусан актови зала чохь. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан спикер Даудов Мохьмад, «Изборски клубан» председатель Проханов Александр, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан ректор Таймасханов Хьасан, республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн куьйгалхой, иштта дуккха  кхиберш а. Актови зал юьззина Нохчийн пачхьалкхан а, Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн а университетийн студенташ бара.IMG_2665

Даудов Мохьмада, иштта цхьаьнакхетар дIадахьа дагадаран лаккхара мах а хадош, элира:.

– Нохчийн Республика хилла а ю, ян а ю Россин Федерацин чоьхьара а, арахьара а политика къобалъеш. Иштта, дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал къийсам латторца  Россин Федерацин къилбера дозанаш лардеш а ю республика, – элира Даудов Мохьмада. – «Изборски клубан» заседани Нохчийн Республикехь дIаяхьа дагадаро а гойту, нохчийн халкъо, куьйгаллехь шен тхьамда а волуш, Россин таханлерчу халачу хенахь мехкан дахарехь  хьакъ йоллу меттиг дIалоцуш хилар.

Проханов Александра республикин Парламентан спикерна, мехала къамел дарна баркалла а олуш, зала чохь болчаьрга дехар дира, нохчийн халкъ цхьаъ хиларан ницкъах шайн клубан векалш кхетийтахьара аьлла.

– Тхан клубан Iалашо ю керлачу россихойн пачхьалкхан идеологи кхоллар. Тхо кхуза даьхкина шух масал эца. Цул сов, аш тхуна пурба лахь, тхан боккха лаам бу кхузахь тхайн клубан филиал схьаелла. Вайн юкъарчу мостагIчунна дуьхьало Нохчийчохь бен ялур яц. Нохчийчоьнан Iалашо ю мехкан хьашташ лардарехь, бIаьхо а хилла, дIахIоттар, – билгалдаьккхира Проханов Александра.

Умаров Джамбулатана хетарехь,  оцу цхьаьнакхетаро мехкан историн керла агIо схьайоьллур ю.

– Тахана Росси керла истори кхолла гIерташ ю, амма уггаре а хьалха россихой кхета беза вайн мехкан доттагI мила ву а, мостагI мила ву а. Вай цхьаъ а хилла, мостагIаша вайна ечу дуьхьалонашна кхин а чIогIа дуьхьало ян еза. Кху махкахь дехаш мел долу къам – мехкан хазна ю. Вайн чIагIалла а, ницкъ а цхьааллехь бу. Россин къаьмнаш вовшашца гергарлонаш долуш  ду. ХIокху цхьаьнакхетаро а шен хазна юкъаюьллур ю керла а, онда а Росси кхолларна, – элира Д.Умаровс.

Цхьаьнакхетаран чаккхенехь Умаров Джамбулате дехар дира Нохчийн Республикехь клубан хир йолчу филиалана куьйгалле хIотта аьлла.

Цул тIаьхьа нохчийн лаккхарчу дешаран учрежденийн студентийн таро хилира шайна хетарг довзийта а, луург хатта а.

Кадыров Рамзанах дагадовлар

   Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира клубан декъашхошца. Цул тIаьхьа, инстаграмехь йолчу агIонехь цо цу хьокъехь хаам а бира.

«Проханов Александраца баьхкинчу «Изборски клубан» декъашхошца цхьаьнакхийтира со. Республикехула буьйла а белла уьш, Нохчийн пачхьалкхан университетехь республикин лаккхарчу дешаран учрежденийн студенташца цхьаьна а кхетта. ХIиттийна дозанаш а доцуш, дехха къамел хилира тхан. Нохчийчохь оцу клубан филиал схьаелла барт а хилла».

Итон-Кхаьллан кIоштахь

    Министр Умаров Джамбулат хьалха  а волуш, «Изборски клубан» декъашхой Итон-Кхаьлларчу Исаев Хьусейнан цIарахчу музей бахара. Экскурсовода хьешашна дийцира Итон-Кхаьллан кIоштара схьабевллачу Сийлахь-боккхачу  Даймехкан тIеман турпалхойх лаьцна а, нохчийн Iер-дахарех лаьцна а.

Экскурси чекхъяьллачул тIаьхьа, Россин Федерацин ФСБ-н Нохчийн Республикехула йолчу Дозанан урхаллин «Тонгахой»  декъе яхара делегаци. Декъан хьаькама хьешашна Iаморан класс а, спортзал а, дозанхойн доьзалш бехаш йолу хIусамаш а гайтира хьешашна. 

Довзийтар

   Экспертийн «Изборски клуб» – гIарабевллачу экспертийн юкъаралла. Цара толлу Россин чоьхьара а, арахьара а политика. Клуб вовшахтоьхна 2012-чу шарахь Псковски областан губернаторан А.Турчакан гIоьнца, Изборск  гIалин 1150-гIа шо кхачар даздечу муьрехь.

 

И.ХАСАХАНОВ

№21, еара, чиллин (февраль) беттан 25-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: