Хьомсара зударий!
Даггара декъалдо шу зударийн Дуьненаюкъарчу денца – 8-чу Мартаца!
Зударий бахьанехь хIара дуьне аьхна хуьлий дIахIутту, ткъа доьзал ирсан, синтеман ховхаллин гIайри хуьлий дIахIутту. ХIокху дийнахь тхуна кхин цкъа а шуьга ала лаьа оха шун доза доцуш боккха ларам беш хилар, шун сий деш хилар, шун хьурмат деш хилар.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас Юкъараллехь зудчо лелош долчу маьIнин мах хадийна вер а вац олура. Иза баккъал а иштта дан а ду. Аш доьзалехь аьхналла, кхерчахь йовхо латтайо. Шу бахьанехь дуьнен чу довлу бераш. Аш уьш вайн дайн гIиллакхашца, Iадаташца кхиадо. Вайн халкъана тIех мехала долу декхар кхочушдо аш къона тIаьхье могаш, ийманехь кхиорца.
Вайн халкъана тIеэгна хиллачу гIайгIанех, баланех, халонех сийлаллийца чекхбевлла нохчийн зударий. Хьомсара зударий, шуна даггара баркалла ала лаьа шу собаре, доьналле, хьикмате, догдика хиларна. Тхуна, божаршна тешаме гIортораш хилла лаьттина шу машар чIагIбаран, синтем хилийтаран, нохчийн махкахь барт, сий-ларам, доттагIалла хилийтаран новкъахь.
Шайгара хьуьнар а, жоьпалла а гойтуш аш хьакъ ма-дду къахьоьгу дахаран дерриге а дакъошкахь – культурехь, могашаллаIалашъярехь, промышленностехь, юьртан бахамехь, кхечанхьа. Йоккха хазна ю аш республика кхиорна юкъаюьллуш ерг.
Хьомсара зударий! ХIокху сирлачу, дезачу дийнахь оха кхин цкъа а дIахоуьйту шун боккха сий-ларам беш хилар. Цкъа а гIайгIа-бала, сингаттам ма гойла шуна. Цкъа а цатам ма хуьлийла шуна.
Лаьа шу ирсе, могаш, зовкхе дехийла. Дала аьтто бойла шун! Хаалаш, тхуна шу деза шуна, оха шун хьурмат до шуна, сий-ларам бо шуна!