Иштта дIахьедар дина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана
ТIаьхьарчу хенахь цхьаболчу хаамийн гIирсашкахь а, юкъараллехь а дуьйцуш дара вайн республикерчу кегийрхошна ийманан-оьздангаллин цхьа паспорташ дохуш ду боху хабарш. Уьш бух боцуш хиларан а, бакъ цахиларан а хьокъехь дIахьедар дина хIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана инстаграмехь йолчу шен агIонехь.
«Шуьйрачу хаамийн цхьаболчу гIирсаша яз а до, дийца а дуьйцу Нохчийчохь кегийрхошна цхьа керла «паспорташ» дохуш ду бохуш. Дагадаийта лаьа вайн махкахь деккъа цхьа паспорт бен цахилар, иза Россин гражданинан паспорт ду! Кхидерг дерриге а наха шайгара кхоьллина хIуманаш ду», – яздина Кадыров Рамзана.
Республикин Куьйгалхочо дийцарехь, регионехь планаца, Iалашонна тIехьажийна политика ю экстремизмана а, терроризмана а дуьхьал дIахьош. «Оцу декъехь дIахьош дуккха а гIуллакхаш ду. Терроризмана а, экстремизмана дуьхьал къийсам дIабахьарехь, вовшах дага а бовлуш, бертахь болх беш бу МВД-н органийн белхахой а, юкъараллин векалш а. Тешна ву оцу белхан тIаьхье беркате хирг хиларх а, цо кегийрхой экстремистийн а, террористийн а тIеIаткъамах ларбийриг хиларх а», – боху Кадыров Рамзана.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо иштта дийцира карарчу хенахь Шемахь Нохчийчуьра дIабахана цхьакIеззиг нах хиларх лаьцна. «Оха тхайна хьалха декхар хIоттийна тIейогIучу хенахь цига республикера цхьа а стаг ца вахийта. Тахана мехала ду бакъдерг ма-дарра дIаалар, кхерам еккъа цхьана Шемара хилла Iаш цахилар дIахаийтар. Цундела, деш хIума а доцуш, ши куьг тIекIал диллина Iойла дац. Оцу декъехь тхо доггах болх беш ду», – яздина цо.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира экстремизмана а, терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьар, МВД-н а, кхечу структурийн а декхар хилла ца Iаш, дерриге а халкъан декхар хилар. «Кхерам бу-кха дуьненан муьлххачу маьIIехь а гIоьртина хьал делахь. КIеззиг хьалха кхеташо дIаяьхьира ас. Цигахь тхан барт хилира бакъонаш ларъяран органашна меттигерчу Iедало, динан векалша, юкъараллин организацеша гIодийриг хиларна тIехь. Цара кегийрхошца дIахьош болу кхетош-кхиоран болх кхин а чIагIбийр бу, церан хьашташка, лехамашка, лазамашка, лаамашка хьовсур бу. Мехала ду ойла керчинарг, вербовщикийн машано лацарна кхерамберг шен хеннахь гучуваккхар. И шен хеннахь гучуваьлча аьтто хир бу кхерамечу зилал дехьа валарх иза ларван», – чIагIдира регионан Куьйгалхочо.
Кадыров Рамзана, цул сов, дийцира шен тахана Нохчийчоьнан муфтица Межиев Салахь-Хьаьжица, Россин Пачхьалкхан Думин депутаташца Делимханов Адамца, Селимханов Мохьмадца, республикин Куьйгалхочун хьехамчица Шахидов Адамца, Тевсиев Бай-Iелица хиллачу цхьаьнакхетарехь экстремистийн а, террористийн а пропагандех кегийрхой ларбаран хьокъехь долу гIуллакхаш дийцаре дина хиларх лаьцна а.
Д.АНАДЕВ
№21, еара, чиллин (февраль) беттан 25-гIа де, 2016 шо