Шемахь кхана Iийча дуьйна вовшашца тIемаш бар совцор ду Iедалан а, оппозицин а ницкъаша. Амма «Иблисан пачхьалкхан» гIеранаш хIаллакьяр дIахьур ду. Цу хьокъехь барт хилла Россин а, Iамаркан а куьйгаллин.
***
Шемин Президента Б.Асада хаам бина кху шеран 13-чу апрелехь махкахь парламентан харжамаш дIахьуриг хиларан хьокъехь.
***
ТIом баьллачул тIаьхьа Шемахь лаххара а 270 эзар стаг вийна. Царна юкъахь эзарнашкахь маьрша нах бу. Йохийна дIаяьхна бIеннаш ярташ, иттаннаш гIаланаш.
***
США-н Президента Б.Обамас Японин премьер-министре Синьдзо Ябэга дехар дина цкъачунна Росси визит ца еш Iахьара хьо аьлла.
***
Пентагоно США-н Конгрессе дIаелла дуьненна а шен къизаллица евзина йолу Гуантанамо набахти дIаяккхаран хьокъехь йолу план. Цигара тутмакхаш кхечу набахтешка дехьабохур бу.
***
Мигранташ, Желтойчоьнан а, Македонин а дозанехь йолу керташ а кегъеш, Македони дехьабевлла. Царна юкъахь дукхахберш ОвгIанера бевдда богIуш берш бу.
***
СаIудийн Аравин куьйгалло шен олаллехь болчу нахе лехам бина мелла а сиха Ливанера арабовлар тIедожош.
***
Нидерландехь, рельсаш тIера охьа а иккхина, пассажирийн цIерпошт хаьрцина. Цу тIехь хиллачу пассажирех шиъ кхелхина, иттех лазийна.
***
Бурунди пачхьалкхехь хилира хIокху деношкахь ООН-н Генеральни Секретарь Пан Ги Мун. Мехкан куьйгалхошца хиллачу цхьаьнакхетарехь дийцаре дира политикин а, экономикин а хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Иранан а, Азербайджанан а куьйгалхоша куьйгаш яздина цхьаьна гIуллакхаш даран хьокъехь болчу 11 бартана.
***
Словакин премьер-министра Евросоюза юкъа йогIучу пачхьалкхашка кхайкхам бина Украинера хьал бахьанехь Россина дуьхьал йина санкцеш дIаяхар доьхуш.
***
Евросоюзан куьйгалло Украинин Iедале дехна, эрна хан а ца йойъуш, махкахь реформаш ярна коьрта тидам тIебахийтар, коррупци дIаяккхар.
***
Россин Президент В.Путин тахана Беларусе вахана. Цуьнан цхьаьнакхетарш хир ду мехкан президентаца а, премьер-министраца а, кхечаьрца а.
№21, еара, чиллин (февраль) беттан 25-гIа де, 2016 шо