Даймохк ларбархочун де билгалдаьккхира

Даймохк ларбархочун денна лерина Соьлжа-ГIаларчу Пачхьалкхан театральни-концертан зала чохь дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутаташа Делимханов Адама, Селимханов Мохьмада, Нохчийн Республикин Правительствон председатела Эдельгериев Абубакара, Нохчийн Республикин Парламентан спикера Даудов Мохьмада, Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима, Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин куьйгалхочо  Межиев Салахь-Хьаьжас, кхечара.Кадыров

   Нохчийн Республикин Куьйгалхочо  дезчу денца декъалбира зала чохь болу республикин бакъонаш ларъяран структурийн белхахой.

– Шайн са а ца кхоош, хьанал къахьоьгучу нехан болх лоруш бу тIеман гIуллакхца боьзна болу болх. Вайн бахархойн а, пачхьалкхан а кхерамазалла Iалашъярехь аш гуттар а къахьегарна, ас даггара декъалдо шу, – элира Кадыров Рамзана.

Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман фронташкахь, кхечу къаьмнашца бертахь, нохчийн къоман векалша мостагIашна дуьхьал тIемаш бечу хенахь, вайн мехкан лаьмнашкахь лечкъаш «патриоташ» хилла хилар, шаьш бахьанехь нохчийн къам сийсаздина а, махках даьккхина а болу.

– Февраль беттан 23-гIа де тIекхочучу хенахь дуккха а ойланаш йо ас, даима а баланаш лайначу вайн къоман. Ма инзаре хан хилла-кх иза. Цу хенахь хилларг а, 90-чу шерашкахь хилларг а цхьаьнадогIуш санна хетало. 90-чу шерашкахь вайн къам а, республика а «йоьхкинера» цара («патриоташа»). Вайн мохк бохийра, къам гIайгIанехь, балехь дара. Вайн республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) а, цуьнан бIанакъостийн а майралла, доьналла бахьанехь вай вешан махкахь терроризмана тIехь толам а баьккхина, нохчийн къам Iалаш а дина, мохк когахIоттийна а ца Iаш, иза кхидIа кхиорехь къахьега а дуьйладелла, – элира цо.

Иштта цо билгалдаьккхира тахана Нохчийн Республикин къам маьршачу, кхуьуш болчу  махкахь дехаш хилар.

– Вайн дайша гуттар а тIемаш бина дин лелон маршо яккхархьама а, шайн махкахь шаьш дай хилархьама а. Тахана и дерриге а вайн долуш ду. Нах бехаш бу, болх а беш, бераш а кхиош, дин а лелош. И маршо яра вайн дайша сатийсинарг, – дерзийра шен къамел республикин Куьйгалхочо.

Цул тIаьхьа республикин Куьйгалхочо бакъонаш ларъяран структурийн тоьллачу белхахошна совгIаташ дира.

Цхьаьнакхетаран чаккхенехь билгалделира Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министра В.Колокольцевс шен омрица «Центр хозяйственного и сервисного обеспечения МВД по ЧР»  Федеральни учрежденин хьаькамна Сулейманов Романна «Чоьхьарчу гIуллакхийн полковник» цIе елла хилар.

И.ХАСАХАНОВ

 №21, еара, чиллин (февраль) беттан 25-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: