«Вайн мехкан суьрташ»

   Иштта яра дукха хан йоццуш, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Сийлаллин Аллей» мемориальни комплексехь Россин Федерацин художникийн союзан декъашхочун Дибиров Джабраилан 60 шо кхачарна лерина схьабиллинчу гайтаман цIе. Иза лаьттар бу 2016-чу шеран 4-гIа апрель кхаччалц. Гайтаме диллинарг 60 сурт ду, дукхахдерш Кавказан Iалам гойтуш ду. IMG_0979

    Гайтам схьабоьллуш дакъалоцуш бара: Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон департаментан директор, Журналистийн союзан председатель Хатуев Ислам, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Сийлаллин Аллей» мемориальни комплексан генеральни деректор Ахмадов Iабдул-ВахIаб, Нохчийн Республикин халкъан художник Асуханов Аманди, педагогикин Iилманийн кандидат, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан изобразительни искусствон кафедрин заведующи Юсупхаджиева Татьяна, иштта республикин культурин а, искусствон а векалш.

Хьалхара дош деллачу Хатуев Ислама элира:

– Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Сийлаллин Аллей» мемориальни комплексехь сих-сиха суьртийн гайтамаш дIабахьар мехала ду. Вайн культура, искусство кхуьуш хиларан билгало ю иза. Хууш ма-хиллара, Д.Дибиров шен белхан говзанча ву. Тахана цуьнан гайтамехь дуккха а хаза суьрташ ду. Кавказан, къаьсттина Нохчийчоьнан Iаламан исбаьхьалла ю цо шен белхашкахь гойтуш ерг. Иза художник шен Даймехкан патриот хиларан билгало ю. Дала тIаьхье беркате йойла, – элира цо.

ЦIеяхханчу суьрташдахкархочо Асуханов Амандис элира:

– Уггаре а хьалха суна декъалбан лаьа тахана кху гайтаме баьхкина кегийрхой. Уьш вайн къоман кхане ю. Дибиров Джабраил шен белхан говзанча ву. Суна билгалдаккха лаьа, ша дешна ваьллачул тIаьхьа, цо 26 шо берашна сурт диллар Iаморна дIаделла хилар. Берийн исбаьхьаллин школехь белхаш бина цо. Дуккха а берашна суьрташ дахка а Iамийна. Дала тIаьхье беркате йойла, – дерзийра цо шен къамел.

Цул тIаьхьа Дибиров Джабраила, цIен аса а хадош схьабиллира гайтам.

З.САГАЕВА

Суьрта тIехь:  Д.Дибировн суьртийн гайтамехь

№22, шот, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: