Иштта цIе тиллина ю Нохчийн Республикин Дешар кхиоран институтан директоран Арсанукаев Iабдуллин зорбане яьлла книгин шолгIа том. Нохчийн яздархойн (поэтийн, прозаикийн) дахарх, кхоллараллах лаьцна а, церан говзарийн библиографех лаьцна а ю и книгаш. I.Арсанукаевс кечйина зорбане яьккхинчу книгийн II-томехь яздархойн биографеш, церан говзарийн боцца чулацам бовзуьйту хIора яздархочун кхечу яздархошца хилла йолу кхоллараллин зIенаш гойту автора. ГIарабевлла бевзачу яздархойх Ш.Окуевх, Ш.Рашидовх, Хь.Сатуевх, А.Сулеймановх, Хь.Саракаевх, А.Сагаиповх, иштта кхечу яздархойх лаьцна дуккха а керланиг девзар ду ешархошна книга ешча.
Школашкахь а, лаккхарчу дешаран заведенешкахь а нохчийн литературин программина юкъаяхначу говзарийн хьокъехь литературоведчески а, критически а статьяш ю «Нохчийн яздархой» книгийн II-чу томехь.
ДIадаханчу бIешеран 50–60-чуй шерашкахь нохчийн литературехь къахьегначу яздархойх, цара литература кхиорна юкъадиллинчу декъах лаьцна а дуьйцу I.Арсанукаевс ша бинчу талламан балхана тIехь. Оцу яздархойх шайх лаьцна дийцина ца Iаш, царах лаьцна кхечу авторша язйина (критикаша, журналисташа) газетийн материалаш (очеркаш, интервьюш) ю автора книгина юкъаялийна.
Иза уггаре а хьалха школашкарчу хьехархошна а, дешархошна а, ВУЗий-н хьехархошна а, студенташна а, цул сов, нохчийн къоман культура а, литература а йовза луучарна а лерина ю. Оьшуш яра и санна йолу книга. Цуьнан лаккхара мах хадор бу аьлла хета нохчийн интеллигенцин векалша.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№22, шот, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2016 шо