ДIайолаелла хIора шарахь хьехархошна юкъахь дIахьош йолу гIалин конкурс. Цигахь дакъалоцуш Соьлжа-ГIалин юкъарчу дешаран учрежденийн 18 белхахо ву. Конкурс схьаелларна лерина цхьаьнакхетар хилира Соьлжа-ГIалин №20 йолчу школехь.
Конкурсанташка маршалла хоттуш йистхилира Соьлжа-ГIалин мэрин дешаран департаментан Iилманан-методикин туьшан заведующи йолу Ибрагимова Мадина. Цо билгалдаьккхира «Шеран хьехархо» санна йолу конкурсаш вовшахтохаро, дешаран дикалла, лакхаяккхарехь а, дешаран хьаьрмахь къахьоьгучу хьехархойн кхоллараллин таронаш гучуяккхарехь а беркате маьIна лелош хилар. Конкурсантийн дог-ойла гIаттош, оцу къовсамехь хьехархойн аьтто хуьлийла шена лууш хилар а гойтуш дара «Шеран хьехархо – 2015» конкурсан толамхочо, Соьлжа-ГIалин № 60 йолчу школин хьехархочо Арсамыкова Ларисас дина къамел. Цо билгалдаьккхира конкурсан маьIна доккха хилар, хIунда аьлча, и санначу конкурсашкахь евза керла цIерш, дешаран хьаьрмахь къахьега буьйлабеллачарна юкъара уггаре а похIма а, хьуьнар дерш а гучубоху, хьехархочунна ша дийриг оьшуш а, гуш а хиларо цунна керла ницкъ, некъ схьабеллалуш хилар а го. Республикин хьехархошна вовшашна бовзар а, цара вовшашца гергарло тасар а хIара санначу конкурсашкахь хуьлу. Конкурс йолалуш Соьлжа-ГIалин №20 йолчу школин зала чохь хьехархойн дог ир-кара хIотто баьхкина бара церан белхан накъостий, доттагIий, дешархой.
Конкурсан жоьпалле муьраш, Соьлжа-ГIалин, №1 йолчу гимназехь а, №20 йолчу школехь а дIахьур бу. Хьалхара мур 25-чу февралехь а, шолгIа мур 2-чу мартехь а чекхболу. Конкурсан жамIаш дийр ду республикехь дика бевзачу хьехархоша.
З.ХИЗИРОВА
Авторан сурт
№22, шот, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2016 шо