«Салти хила атта дуй?»

Иштта яра дукха хан йоццуш, Республикин эколого-биологин туьшахь Даймохк ларбархочун денна лерина дIадаьхьначу къийсадаларийн цIе. Цигахь дакъалоцуш бара вай лакхахь хьахийначу туьшан белхахой а, №67 йолчу школин дешархой а, церан дай-наной а.салти

   Республикин эколого-биологин туьшан завуча С.Сулиповас цхьаьнакхетар дIадолийра цигахь хилла дерриге а божабераш Даймохк ларбархочун денца декъалдарца.

Къийсадаларан дакъалацархой шина команде бекъна бара – «Салтий» а, «Инарлаш» а. «Эрудит», «Снайпер», «Уггаре а ницкъ берг», иштта кхин а дуккха а къийсадаларийн номинацешкахь шайн майралла а, хьунарш а, Россин истори хаар а гайтира  дешархоша. Чулацаме а, дагах кхеташ а яра тIеман-патриотически чулацам болу къийсадаларийн дакъалацархоша гийтина йолу «Ши доттагI», «ТIеман музыка езархой», иштта кхин а сценкаш.

Цул тIаьхьа вистхилира туьшан коьрта методист Зубайраев Аюб. Цо билгалдаьккхира, хIокху тайпанчу цхьаьнакхетарша бераш Даймохк безаран ойланехь кхетош-кхиорехьа гIо деш хилар.

Цхьаьнакхетар дерзош дешархоша «Даймехкан тешаме кIентий» цIе йолу концертан программа гайтира. Къийсадаларийн дакъалацархошна Сийлаллин грамоташ а, дагалецаман совгIаташ а делира.

З.ЛЕЧИЕВА

Суьрта тIехь:  къийсадаларан дакъалацархой

№22, шот, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: