греко-римски кепара охьатохархлатарехула 1996–1998-чуй шерашкарчу кегийрхошлахь республикехь хьалхеяккхаран турнир. Цигахь дакъалецира берийн-кхиазхойн спортан школашкарчу бераша.
Къийсадаларш дIадаьхьира шина дийнахь. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь билгалбевлира толамхой: Манаев Мохьмад (50 кг.) – №7 йолу ДЮСШ, Бекаев Муслим (55 кг.) – №3 йолу ДЮСШ, Арсанов Iела (60 кг.) – РДЮСШ, Вистигов Шемал (66 кг.) – Курчалойн районера ДЮСШ, Кукаев Шайхам (74 кг.) – Грозненски районера ДЮСШ, Адамов Заурбек (96 кг.) – ШВСМ, Дикаев Хас-Бауди (120 кг) – РДЮСШ.
Спортсменийн толамийн дакъа кхочу уьш Iамийначу тренершна: И.Исраиловна, Б.Тулаевна, А.Магомадовна, А. Хамзаевна, М.Бециевна, М.Гадаевна.
З.ШИШХАНОВА
№22, шот, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2016 шо