ХIара хаар пайдехь ду

Бераш, ларло цIеяларх

Къайле яц цIерш йийлар, коьртачу декъана, адамийн шайн бехкенна а, нехан шайн доларчу хIусамашкахь а хуьлуш хилар.

Нехан хIусамашкахь цIерш йийларан коьрта бахьанаш ду:

– кхача кечбеш, цIе лар ца яр;

– токан боьхна гIирсаш, видео-аудиотехника лелор;

– хIусамашкахь ремонтан, электросваркин белхаш беш, кхерамазаллин бакъенаш ца ларъяр;

– бераш цIарца ловзар.

 

ХIусамехь цIе яларх ардалархьама:

 

– сирникашца, цIетухургашца ма ловза;

– тидам боцуш ма бита токан гIирсаш, араволуш, царна тIейогIу ток дIаяккха;

– газан экъан тIехь хIуманаш ма якъае;

– газ дIаяйъа ма дицде, газан хьожа хаалахь, сирник ма латае, стогарш ма латаде, кор-неI дIаделла.

ДЖУКАЕВ Джабраил,

Заводской кIоштан цIе яларна тIехь терго латторан

 пачхьалкхан инспектор, чоьхьарчу службин капитан

 №22, шот, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: