БаIисан забарш

ЮьхьIаьржо

 

ЦIе кхобуш, несо «Къонах» аьлла цIе тиллина хилла БаIисна. Цкъа гIала яхана нус. Боккхачу урамехула шена хьалха-хьалха воьдуш волу цхьа стаг шен марвешех тарвелла несана.

– Къонах, ва Къонах, – бохуш цунна тIаьхьа хьаьдда хIара. Шена и герга кхаьчча, «къонах» юхахьаьжна.

– Валалай, хьо-м вац Къонах,

– Вай, хьуна стенах хии со къонах воций?

– Юьхьа дуьхьал ма хьаьжжи хии-кх, – аьлла юьхьIаьржа хIоьттинчу несо.

 

Дохко ваьлча…

 

ОьгIаз ваханчохь зуда а йитина, юха, ша диначунна чIогIа дохко ваьлла хьийзаш хилла БаIис.

ДоттагIчо хьехар а дина, моллина тIевахана иза, зуда шена юха магаяйта. Кхуьнгахь долчу хьолах кхеттачу моллас хаьттина:

– Зуда юьтучу хенахь ирахь вара хьо я хиъна вара?

Цо иза хIунда хоьтту а, зуда шена юха магаяйта ша жоп муха дала деза а ца хуучу БаIиса аьлла:

– Я ирахь а вацара, я хиъна а вацара.

ДIаяздинарг – С.ХАСАНОВ

 №22, шот, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: