Дала дашон дог а, куьйгаш а делла

ю нохчийн йо1 Амхадова Малкан, медицинин 1илманийн доктор, Москван областан 1илманан-талламан клиникин институтан мочхалан-юьхьан хирургин кафедрин профессор, Россин цергийн имплантологин Ассоциацин жоьпаллин секретарь, имплантологийн Дуьненаюкъарчу (ICOI) Ассоциацин дипломант.

Иза йина, кхиъна Къилба Казахстанехь, Чиили олучу жимачу станцехь. Йийца к1орггера истори йолчу нохчийн ширачу юьртара Шуьйтан районан Йоккхачу Варандара схьадаьлла цуьнан да-нана 1абдулрешид а, Хамсат а бертаза, бехк боцуш кхаьчна, цигахь кхиинчу шайн доьзалан бина мохк  хиллачу Казахстане.

Безимени-11

Малкана ша дийцарехь, Чиилехь бертахь бехара казахийн, оьрсийн, нохчийн, прибалтийн, жуьгтийн, иштта кхечу а хиллачу СССР-н къаьмнийн векалш. Цигахь чекхъяьккхира цо юккъера школа а, цхьана юкъанна болх бира «пионервожати» йолуш а. Цу хенахь школа чекхъяьккхича а, лаккхара дешар деша ваха шина шеран белхан стаж оьшура. И г1уллакх кхочушхиллачул т1аьхьа, Малкан деша яхара Алма-Атан пачхьалкхан медицинин институтан стоматологин факультете.

1985-чу шарахь, т1ехдикачу хааршца институт чекхъяьккхина йо1, Кзыл-Орда г1алин могашалла1алашъяран декъехь мочхалан-юьхьан хирурган болх бан йолаелира.  Практикин хьолехь зеделларг алсамдала доьлча, шена теорин хаарш т1еоьшуш хиларх кхийтира Малкан. Уьш гулдархьама яхара иза Къилбаседа Казахстанан Караганда г1алин пачхьалкхан медицинин институтан клиникин ординатуре «Мочхалан-юьхьан хирурги» говзаллехула деша. Юха а практикин балхо гучуйохура йоь1ан говзаллехь кхунна ца евза анайисташ. Москварчу стоматологин 1илманан-талламан институтехь стажировкехь яккхинчу хено кхунна бовзийтира Россехь ц1еяххана болу мочхалан-юьхьан хирургаш а, церан белхаш а. Юха а деша дезаш хиларан ойлано тешийра х1ара. СССР юхучу муьрехь нисъелира Москварчу стоматологин 1илманан-талламан институтан аспирантуре.

Рис 4

– Цхьа а гергара а, вевза-везаш а стаг вацара сан деша йоьдуш г1олаца, – дуьйцу Малкана, – амма вайх х1ораннан а дахарехь хуьлу шех боьзна вайн кхоллам нислун адамаш. Иштта меттиг сан дахарехь д1алаьцнарг вара Безруков Владимир Максимович. Иза тийшира сох, аспирантуре  д1а а ийцира, кханенан хиндерг долу 1илманан болх харжа г1о а дира. Дуккха а шерашкахь сан хьехархо, хьехамча, сан хааршна ницкъ ло левси, суна шолг1а да хилла лаьттира иза. Ас деша а доьшура, болх а бора. Дуккха а операцешкахь соьга шена г1о дойтура цо. Ткъа балхана цуьнан санна хьуьнар долуш стаг суна вевзина а вац. Цхьаьнгга а озабезам беш 1едал дацара цуьнан. Цундела тхо, цуьнан аспиранташ, деша а, болх бан а, кхечу къоман меттанаш 1амо а ларадора.  СССР-н боккхачу махкара дукха нах бог1ура и волчу, дуьнен т1е довллушехь мочхалца, юьхьаца хилла сакхташ нисдеш операцеш дукха йора цо. Ткъа операционни стоьлана гуонаха нислучу мочхалан-юьхьан хирургин г1арабевллачу 1илманан серлончашца:  В.А.Сукачевца, В.П.Ипполитовца, А.И.Неробеевца, В.И.Гунькоца, Л.А.Брусоваца цхьаьна церан белхан а, 1илманан а нийсархо хилла и бахьана долуш лаьттара со а.

Вайх муьлххарг а санна, нохчи дех-ненах схьаяьлла а, ша цхьа к1еззиг нохчи ю аьлла а ца хеташ, мацахлерчу Гиххойн Таймасхин а, Дадин Айбикин а санна доьналла а, яхь а йолуш, дог ц1ена адам а, дашон куьйгаш долу хирург а ю Малкан. Шеначул вонаш гина а, дахаро к1езиг хьистина а ю иза.

Мел йоккха 1илманча елахь а, зудчун коьрта декхар – нана хилар дуйла хуучу Малкана шен доьзал кхоьллира. Дуьнен т1е велира башха к1ант Ислам. Хетара ерриге а дуьненан серло цуьнан велакъажарх йоьзна ю. Амма жоьжахатера хаьштиг дан санна, хала г1уллакх хиллера Обломовн декхарш кхочушдар бен, хьан дахаран накъостера г1о доцуш, Малканан санна болчу балхаца цхьаьна доьзал д1акхехьар. Доьзал буьйхира. Ислам шен да-нана долчу Казахстане д1ахьажийра Малкана. Ткъа ша, де-буьйса ца лоруш, диссертацин болх язбеш яра. Дукха хан ялале, Чиилехь шерашкахь баьхначу Амхадовг1еран, шайн дайн махка ц1а берза дийзира.

Т1амна кхохкийна лаьттара Нохчийчоь. Тешаме яцара зама а, дахар а. Т1ег1ерташ яра  диссертаци ч1аг1ъян еза хан. Билгалдинчу дийне кхача ши к1ира долуш, кхуьнан лорах вахана, медицинин институтан стоматологи факультет чекхъяьккхина  жимах волу ваша Мохьмад некъан бохамехь кхелхира. Нанас йинчунна доккха тохар дара иза. Дала г1о дира цхьаъ бен воцу ваша Нохчийчу ц1а ван а, шен махкахь и д1аверзон а.

– Тамашийна ду Дала дехкина дуьненан х1уманаш, – дагалоьцу цо, – и хилале цхьа бутт хьалха кеманна т1ехь ц1айог1уш йолчу суна т1ехьа 1ачу нохчийн кегийрхоша, Москвахь велларг ц1аварах лаьцна дуьйцуш хезнера. Мохьмадах ишттаниг 1оттаделла, суо цунна хьийза езар ю аьлча-м дог эккхар дара сан. Делахь а шена т1екхаьчча иза а далург хиллера…

Ша лаамаза теш хиллачу къамелан ойла а еш, Мохьмадна оьш-оьшург а дина, кеманахь иза а валош новкъа елира Малкан, т1аккха бен хаа а ца хаийтира дега-нене, йижаршка, гергарчаьрга. Мохьмад къайлаваьлча йира кхуо хиллачун ойла. Дуьйцийла дацара диссертаци ч1аг1ъяр а, кхидолу дуьненан х1уманаш а. Х1аллакьхуьлуш дара кхуо шерашкахь хьегна къа, амма деанчу вуоно д1алаьцна кхуьнан ойла, хьекъал оцу г1уллакхна т1аьхьакхуьуш дацара. Циггахь юха а карийра кхунна профессор Безруков. Цо тешийра х1ара кхуо кхоамза х1аллакйийриг мочхалан-юьхьан 1илманан кхане хиларх. «Хьан декхар ду диссертаци чекхъяккхар!», – ч1аг1дира цо.

– Дала ницкъ белира суна, айса хьегна къа зен ца дайъа, – дуьйцу Малкана, – медицинин 1илманийн кандидатан диссертаци т1еч1аг1ъяр кхиамца чекхделира. Цул т1аьхьа со балха яханчу клиникехь а Владимир Максимович санна дика куьйгалхо а, башха стаг а волу Каральник Лев Николаевич вевзира суна. Ала деза, дахарехь ирс хилла сан дика адамаш а, шайн балхана чу садиллина 1илманчаш а алссам бовза. Церан г1о-накъосталлица сайн 1илманан болх кхин а к1аргбан а, шорбан а, цуьнан керла анайисташ лаха а, карон а таро хилира сан. Стоматологин 1илманна шайн дахар, са, шаьш д1аделла болчу Кулаков Анатолий Алексеевичца, Матвеева Алла Ивановница, Рабухина Нина Александровница цхьаьна белхаш бан а, вешан мехкан дентальни имплантологи кхиоран юьххьехь цаьрца къахьега а ирс хилла сан.

Мохьмад кхелхинчул т1аьхьа да а, деда а дийна вара кхеран. Дедас дог оьцура кхеран ден, шен к1ентан. Иза г1ийла хилча а, цомгаш хилча а цуьнан сатедан г1уртура Малкан а. 1абдулрешид дикка хьожура кхуьнга: «Йо1 ю-кх хьо», – олура цо. Малкан дика кхетара ден ойланех, т1аьхьа виса к1ант цахиларал сов, эрна буьсура х1орш – кхо йиша, нана.

Дукха ца хьевелира кхеран ден  г1ортор ­– цуьнан да, ткъа иза «д1аваханчу» кхоалг1ачу дийнахь д1авахара 1абдулрешид ша а. Х1орш кхо йиша а, нана а шайн къайлабовла таро йоцучарна т1аьхьа бисира.

Х1етте а дахар цхьаьнаметта ца сецира.

2000-чу шарахь Малкан юха а деша йоьду, х1инца докторантуре. Оцу шерашкахь, Малкана доьшуш йолу Стоматологин коьрта 1илманан-талламан институт  мочхалан даь1ахкашна чуьра са д1адалар меттах1отторна дечу дарбанна лерина белхаш беш яра. И г1уллакх бахьана долуш, вайн мехкан стоматологин 1илманан дуьненаюкъара вайзаманан рентгенологически технологеш юкъаяло таро хилира. 2005-чу шарахь Малкана т1еч1аг1йира «Дентальни имплантантийн г1оьнца мочхалан даь1ахкийн дуьззина са доцуш тхьосъялар меттах1оттор» темехула медицинин стоматологин 1илманийн докторан диссертаци.  

– Диссертаци тIечIагIъярехь сан дог айдеш, оьшучохь гIо-накъосталла деш хиллачу лакхахь цIерш яьхначу сайн накъосташна доккха баркалла боху ас, дуьйцу Малкана.

– Цул сов, компьютерни технологийн некъашца, вайзаманан лехамашца иза кечъеш, къахьийгира кIанта Ислама а. Иза хIинца воккха хилла, дика дешарца чекхъяьккхина школа, доьшуш ву институтехь. Компьютерни агIорхьа кIорггера хаарш долу хирург хила Iалашо йолуш а ву. Наггахь операци еш суна гIо деш а хуьлу. Дала мукъ лахь, вайн махкана, къоманна пайдехь хаарш долу говзанча хир ву цунах.

Малканан Iилманан дахарехь воккхах волу ваша, хьехархо, накъост хилла лаьттина В.М.Безруков кхелхира 2007-чу шарахь. Мел баккхийчу лоьрашна а, мел кIорггера хаарш долчу говзачу Iилманчашна а ца елла-кх Дала лензалла. Россин «Мочхалан-юьхьан хирургин» декъанна а доккха тохар дара иза. Ткъа Малканан дахарехь, цIерш йолчу Iилманчашна юккъехь цара лоруш хирург хилар, белхан кхиамашка ша-шен ца кхоош, къахьегарца кхачар дара.

2008-чу шеран гурахь дуьйна Московски областан Iилманан-талламан клинически институтехь (МОНИКИ) болх беш ю Малкан. Шен белхан зеделлачух лаьцна цхьа бIе сов Iилманан пособи арахецна цо. Ткъа дентальни имплантологин Iилманах лаьцна дукха семинараш а, мастер-классаш а йо цо вайн махкахь а, дозанал арахьа а. Оцу декъера гIуллакх дара стохка а, кхушара а Нохчийчуьрчу цергийн лоьрашна лерина цо йина масех семинар а, къоначу хирургашна мочхалан хирургица йоьзна, 7–8 хала операци еш гойтуш, шатайпа мастер-класс ялар а.

Дала делла дашон куьйгаш долу хирург ю иза. Иштта деши санна сирла а, цIена а ду цуьнан дог а. Шен мохк а, къам а дукхадеза цунна.

– Ма чIогIа лаьара суна вайн къомах болу кегийрхой Iилманна тIаьхьабаза лаам болуш хуьлийла, – боху цо. – Жимма а хало нисъелча, атта некъ лаха а ца хIуьттуш, и хало эшо доьналла, яхь хилча, къахьега хьуьнар тоьъча, хIинца санна пIелгашна тIехь багарбаллал ца хуьлуш, алссам Iилманчаш хир бара вайн. Кавказехь вайн лулахой болчу къаьмнийн – хIирийн, дагестанцийн, гIебартойн ма бу алссам Iилманчаш, ткъа вай стенна тIехь оьшу царал?

«Со яхь йолу нохчи ву» бохуш, даг тIе буй беттарх ца хуьлу яхь йолу нохчи, амма деша лаам а болуш, деша аьтто боцучу берашна гIо дича, дешна бевлла, дипломаш шифонер чу кхийссина Iаш болчарна балха баха меттиг нисйича, жимма а таро йолуш верг и дерриге а шена гулдан а ца гIерташ, дIаса кховдош хилча, схьахетарехь, хIинцачул дуккха а гIоле хир дара вай.

Суна чIогIа лаьа сайн хаарш дIадала сайн къоман бераш Iамо. Со оьрсаша а, эрмалоша а, жуьгташа а Iамийнехь а, суна сайн школехь сайн къоман бераш го. Бакъду сайн дахарехь зеделла суна, де-буьйса доцуш, малвалар доцуш къахьегча бен ца кхочу-кх хьо цхьана билггалчу лакхене. Цундела къахьега хьуьнар тоьар долу кегийрхой Iамо лаьа суна. Оцу гIуллакхан ойла еш ю со. Муха, муьлхарг дича бакъхьа хир дара-те бохуш…

Аренца «къонаха Малкан» аьлча евзаш йолу иза вайн махкахо-1илманча хилар а, нохчийн къоман йо1 хилар а дозалла ду вайна. Цхьа а шеко яц Малкан нохчийн зуда-академик хила хьакъ хиларан а. Везачу Дала декъалбойла цуьнан сирла сатийсамаш. Генара а, уллора а иза мел езарш баккхийбойла цуьнан ирсах. Кога ирах1оьттичхьана а къахьегначунна даг1ахь, цхьа а шеко йоцуш, нохчийн йо1ана Амхадова Малканна а дог1у-кх кху дуьненахь ирсан дакъа.

 

Т.САРАЛИЕВА  

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: