Мухьаммад (I.с.в.с.) шен хIусамненан цIа чохь Iаш вара. Хадижатана махлелош гIодарца, шена ваха рицкъа доккхуш а вара. Шен деда Iабдул-МутIалиб велча, ша кхаьбна волчу девешина Абу-ТIалибана гIо дан лууш а вара иза. Абу-ТIалиб къен стаг вара, бераш дуккха а дара цуьнан. Цуьнан уггаре а жимах волу кIант Iела ша волчу кхаба схьавалийра Мухьаммада (I.с.в.с.), девешина хьалха ша декхарийлахь хеташ, ша кхабарна цунна баркалла олуш. Хадижатана а, Мухьаммадана а (I.с.в.с.) дукхавийзира Iела. Шайн кIант санна лелош вара иза цаьршимма. Сих-сиха КаIбат долчу воьдура Мухьаммад (I.с.в.с.), ойланаш йора цо, ИбрахIим Пайхамара (IалайхIис-салам) дина хIара цIа, цхьаъ волчу Далла Iибадат ден меттиг ма ю. Цхьана а тайпана нахана дан гIо а доцуш, дан зен а, бала пайда а боцуш долчу суьртех юьзна а ма ю. Я цхьа а хIума гуш, хезаш ма дац и суьрташ, Маккарчу наха тIулгех, дечигах дан а дина, уьш шайн деланаш бу бохуш, царна Iибадат деш, царна хьалха, гIурба до бохуш, даьхни дойуш леладарх. Шен къоман хьокъехь ойланаш йора Мухьаммада (I.с.в.с.), чIогIа дагахьбалам а, лазам а бара цунна цара лелош йолчу харцонна, церан галбовларна. Шена гуонаха хьаьжча, цунна гушберш телхина нах бара. Къаьркъа (чагIар) муьйлуш. Хьалдолуш болу нах мискачарна тIехь таIзар латтош а бара, буоберийн а, бисина Iаш болчу зударийн а даьхни дууш. ГIо оьшуш болчу нахана юхалург ахча а лора цара, тIера йоккха ял (проценташ) йоккхуш. Къиза нах бара, йоккха хилча, тIе эхь доуьйтур ду олий, шайн йоI йоьра цара, яа хIума цатоарна кхоьруш, тухий, шайн кIант а воьра.
Паччахьаша нахах шайна лайш бинера, къам, жа санна, лоллий дIаса а дуьгура шайна луъуче. Адамийн бала болуш, царна хIун оьшу хьожуш цхьа а вацара. Цаваьллачу денна царах къаьстина, генаваьлла Iаш вара Мухьаммад (I.с.в.с.). КаIбате зерате воьдура иза, тIаккха шен цIа воьдура. ИбрахIим Пайхамаран динехь а волуш, цхьаъ волчу АллахIана Iибадат деш вара иза. АллахIе доьхуш вара иза шен къам бакъдолчунна тIехь нисдар. Кест-кеста Маккина гергахь болчу ломара Хьира олучу хьеха воьдура иза, цигахь цхьа хан йоккхий, цIа вогIура. Хадижата цунна тIаьхьа юург-мерг йохьуьйтура. Наггахь Хадижат Мухьаммадца (I.с.в.с.) хьехахь Iара. Дала цунна кечдинчу гIуллакхехь гIо-накъосталла деш, малх а, бутт а, латта а, стигланаш а, дерриге а Iалам а низамехь Кхоьллина Волчух ойланаш еш.
АллахIан Iадатехь боданал тIаьхьа даима гучудаьлла нур, Ша кхоьллина адам телхича, АллахIа Элча воуьйтуш хила. Нахах къинхетам беш ша волудела. Нахана оьшура Пайхамар, дуьнен чуьра харцо дIаяккха а, мискачу нахана тIехь латтош долу зулам дIадаккха а, Iалам тодан а, бакъо, нийсо толо а, суьрташна гIуллакхдар дIатасийтина, цхьаъ волчу АллахIана Iамал яре кхайкхам бан а.
Мухьаммадан (I.с.в.с) пайхамаралла
Мухьаммад (I.с.в.с.) гIеметтахIоьттина стаг вара оцу хенахь. Шовзткъа шо кхачар ду иза. Дала массо Iаламах къинхетам бина пайхамаралла делла, шен Элча вина, халкъана ваийтира иза. Нах боданера серлоне баха, дешна боцчарна Iилма довзийта, вуон мел дерг дIатосуш, дикачу хIуманна тIеберзийта. Милад терахьашца ялх бIе уьтталгIачу шарахь (610 шо) Рамадан беттан цхьана дийнахь Мухьаммад (I.с.в.с.) вара Хьира бохучу хьехахь Далла Iамалъеш. ДIатевжжинчохь набкхийтира цунна. Жабраил-Малик деана (IалайхIис-салам), кхайкхира цуьнга: «Я, Мухьаммад», – аьлла. Оцу кхайкхарх самавелира Мухьаммад. Жабраил-Малика элира: «Деша», – аьлла. Мухьаммада жоп делира: «Суна деша ма ца хаьа». ТIаккха Жабраил-Малика (IалайхIис-салам) юха а омра дира: «Деша», – аьлла. Мухьаммада юха а жоп делира: «Суна деша ма ца хаьа». КхоалгIа Жабраил-Малика (IалайхIис-салам), иза, чIогIа Iаьвдина, элира: «Деша». Мухьаммада (I.с.в.с.) хаьттира: «ХIун деша ас?» Жабраил-Малика элира: «Деша хьо Кхиош-Кхобуш волчун цIарца, Ша (Iаламаш) кхоьллина волчу! Цо адам кхоьллина цIийн улхах (детта цIий). Деша! Хьо Кхиош-Кхобург ву уггаре а комаьрша верг. Иза ву Ша Iамийнарг адам къоламца, Цо Iамийна адамана цунна цахуург» (Къуръан, 96 сурат, 1–5 аят). Жабраил-Маликан омра кхочушдеш, Мухьаммада (I.с.в.с.) дIадийшира шега аьлларг. Делан пурбанца дагахь Iемира цунна ша дешна Къуръанан аяташ. Делера дуьххьара цуьнга доьссина аяташ ду уьш. ТIаккха Жабраил-Малика олуш хезира цунна «Кхаъ бу хьуна, я Мухьаммад, со Жабраил-Малик ду хьуна, хьо АллахIан Элча а ву хьуна, Iалам нийсачу новкъадаккха хаьржина волу». Мухьаммад (I.с.в.с.) хьехара аравелира, кхеравелла вегош цIа вахара иза. Ша цIа кхаьчча, шен зудчуьнга, карзахе а, синтем байна а волуш, элира цо: «ТIе хIума тасийша суна, тIе хIума тасийша суна». Хадижата тIе хIума тесира цунна, гIайгIане, сингаттаме яра иза шен цIийнда вегош вайча, хIокху хьолехь волчу хIокхуьнга хIумма а цахеттар гIолехь ду-кха аьлла, хеттарш ца деш, садаIа витира цо Мухьаммад (I.с.в.с.). Цунна хIун оьшу хьожуш, юххехь охьахиъна Iийра Хадижат. Цхьажимма Iийна, вегор дIаделира цуьнан. Мухьаммад (I.с.в.с) меттавеана, ша ма-хиллара дIахIоьттира. Шен зудчуьнга хилларг дерриге а дийцира цо. Билггал шена хилларг хIун ду ца хууш, Мухьаммад (I.с.в.с.) саготта вара.
Хадижата, ша кхетаме хиларна, цунна синтем беш, дагчу майралла йожош, дуй бууш, элира: «ВаллахIи, Дала цкъа а сийсаз вийр ма вацара хьо, зен дийр ма дацара Цо хьуна, хьо нах дукхабезаш а, бакълуьйш а, тешаме а, мискачу нахана, буоберашна дика а, хьешан лерам беш а, бохам баьллачунна гIо деш а, зуламхочунна дуьхьало еш а хиларна. Цхьа а шеко яц-кх, хьо халкъ нийсачу новкъадаккха Дала хаьржина Пайхамар хиларх». Оцу балхах кхин а чIогIа тешна хила, Хадижат шен цIийндеца цхьаьна, шен девешин кIант Варакъат волчу яхара. Динах лаьцна долу жайнаш дукха дешна, керста нехан Iеламстаг вара иза. Хадижата элира цуьнга: «ХIай, сан девешин кIант, Мухьаммада (I.с.в.с) дуьйцучуьнга ладогIахь», – аьлла. Варакъата элира тIаккха: «ХIун ду хилларг? Дийцал». ДIадийцира цо шена гинарг. Варакъата элира: «Иза ду-кха и Жабраил-Малик, Дала, хьалха Мусана а, Iийсана а даийтина хилла долу. Дала Мухьаммадана а даийтина-кха иза, шен омра халкъе дIакхачадайта. ТIаьххьара Пайхамар ву иза. Шен къомо бакъвийр вац. Зенаш дийр ду цара цунна. ТаIзар латтор ду цара цуьнгахь. Маккара ара а воккхур ву цара иза, цо шайн харц дин хийца суьрташ Iад а дитий, цхьаъволчу АллахIан Iамал ян еза аьлча, везар вац царна иза». Маккара шен къам шена дуьхьалдер ду боху къамел хезча, чIогIа цецваьллера иза, царна ша чIогIа дукхавезаш вуй хууш хиларна, дукхавезарна шена Амин аьлла цIе тиллина нах уьш хиларна. Варакъате хаьттиро цо: «Сайн махкара аравоккхур ву со цара?» Варакъата жоп делира тIаккха: «Ахь деанарг дохьуш (пайхамаралла) халкъе веана цхьа а хилла вац хьуна, наха цуьнца тIом беш, массо тайпа цунна зенаш деш бен». Цу хьокъехь Дала ма аьлла: «Цатешачара элира шайн элчанашка: «Оха дIадохур ду шу тхайн лаьттара (махкара), я шу тхан дине доьрзур ду» (Къуръан, 14 сурат, 13 аят).
Мухьаммадан (I.с.в.с.) пайхамаралла ша бакъдеш хилар чIагIдеш, Варакъата элира цуьнга: «Ахь бакъ дин нахе дIакхайкхочу хенахь, со дийна хилахь, сайн ницкъ мел бу гIо дийр ма ду ас хьуна». ТIаккха Мухьаммадана (I.с.в.с.) оба а яьккхина: «Аьтто хуьлда хьан», – элира цо. Амма дукха ца Iаш велира иза.
Мухьаммад (I.с.в.с.) Хадижатца шайн цIа вахара. Варакъата дийцинчун а, шена тIехIитта езаш йолчу халонийн а ойланаш еш вара иза. ТIаккха цунна аз хезира: «Хьо кхера а ма кхера, гIайгIане а ма хила. АллахI хьоьца цхьаьна ву хьуна, пайхамаралла хьоьга кхочушдайта, шен омра нахе дIакхачадайта цо хьо ларвийр ву хьуна», – аьлла. Хадижат шен девешин кIант Варакъат волчу а яхана, цуьнга ладоьгIна, схьаеача, чIогIа ирсе яра. Жабраил-Малик Элчанна схьа ца догIуш цхьа хан яьллера. Делера салам хиларг гIайгIане вара Жабраил шех дIахадар, Делера шена тIедоьжна таIзар хиларна кхоьруш. Цкъа цхьана хенахь стиглара аз хезира цунна. Хьалахьаьжира иза, стигланний, лаьттинний юккъехь хиъна Iаш Жабраил-Малик гира цунна. Кхера а вела, цIа вахара иза. Хадижате элира цо: «ТIе хIума хьарчаейша суна, тIе хIума хьарчаейша суна». Иштта, Мухьаммадах (I.с.в.с.) дерриге а Iаламна Дала ваийтина Элча хилира.
С-М.МУРТАЗАЕВ, Iеламстаг
№22, шот, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2016 шо