Маттаца ду къоман са

Нохчийн мотт, вайн – дозалла, вайн – сийлалла! Бицбан ца беза вай ненан мотт. Нохчийн мотт аьшнашбеш, цуьнан пусар ца деш, иза бийца эхь хеташ муха хир ву нохчи ву бохург? Мел хаза ду вайн гIиллакхаш, ламасташ. Вайн маттаца доьзна ду уьш.image13126000.jpg_1397830158

Вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, юкъадаьккхинчу указца, хIора шеран 25-чу апрелехь билгалдоккхуш ду Нохчийн меттан де.

Иштта, телевиденехула  Шамсудинов Эзар-Iелас дIахьочу «Синмехаллаш» а, Ахмадов Мусас дIахьочу а «Хаарийн бIов» передачаша. Вайн тIекхуьучу чкъуран нохчийн меттан хаарш шордо, цуьнга болу безам алсамбоккху. Советийн Iедал долуш, 16 шарахь школехь нохчийн мотт а, литература а хьехна ас. ХIетахь, дукхах йолчу школашкахь нислора, дай-наноша шайн бераш нохчийн меттан урокашка ца лоьлуьйтуш. Школин директоран цIарах заявлени яздора: «Освободите моего ребенка от уроков чеченского языка!», – олий. Суна чIогIа новкъадогIура иза. Ткъа хIинца, иза бийца паргIато ю, делахь а, халахетарг кхин ду, Нохчийн маттана лакхарчу классашна хIиттийна сахьташ кIезиг ду: Нохчийн маттан – кIирнах цхьа сахьт ду 10-чуй, 11-чуй классашкахь, ткъа литературина делларг 2 сахьт бен дац. Цхьацца сахьт мукъане а тIетоьхча дика хир дара, берийн хаарш а лакхадевр дара. Дерриге а къаьмнаша шайн мотт буьйцу. Вай ца боху оьрсийн а, ингалсан а, немцойн а меттанаш ма бийца. Уьш а хаа безаш бу. Делахь а, уггаре а хьалха шен мотт хаа беза, цуьнан пусар дан деза, иза бийца беза. Машенахь  дIасайоьдуш нисделларг хьахош цхьацца масал дало луур дара суна:

«Магомедик, садись сюда!» – боху нанас шен кхо шо бен хирдоцчу жимачу кIанте.

– Мама, «садись» ма ала, «охьахаа» ала соьга, – боху кIанта.

Жима зуда ю, диъ шо хир долчу кIентан куьг лаьцна йогIуш.

– «Деца, Iуьйре дика йойла хьан!» – олий, маршалла хотту беро соьга.

– Ас хьоьга мосазза аьлла, дуьхьал мел кхеттачу воккхачуьнга де дика ма де, – олий, кIентан бетах тIара тухий, човхаво цо.

– «Тхоьга, садикехь баккхийчеран де дика де ма аьлла», – бохуш, велха ийзаво иза.

Хорам хуьлий, холча хIутту со. Цуьнга аьлча а эрна дуйла хууш дош ца олуш, дIайоьду.

Дала гIазот къобалдойла цуьнан, вайн республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас олура: «Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац!» Вай вешан мотт мел буьйцу вай нохчий ду. Маттаца ду къоман са.

УМАРОВА ЛИЗА

№22, шот, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: