Берса-Шайх

Лаха-Куьрчаларчу Темболатана дуьххьара ялийначу зудчо ялх кIант винера. Цхьа а йоI яцара цуьнан. Шен зудчунна тIе шолгIа зуда ялийра цо. Иза Гуьнара Чилла яра. Цо а кIант вира Темболатана. КIантана Берса-Шайх аьлла цIе тиллира. Иза жима волуш кхелхира цуьнан да. ЦIийнда велла йисина Чилла, шен кIант а вуьгуш, шен дай баьхначу Гуьна дIаяхара. Амма шен пхийтта шо кхаьчча Берса да Iийначу керта, Лаха-Куьрчала схьавеана.09

Жима волуш дуьйна а кхечаьргахь хаалуш доцу хIуманаш хаалуш хилла  цуьнгахь. Амал а хилла тамашийна. Цкъа Лакхаволчуьнгара хаам кхаьчна  цуьнга. Дийцарехь, иза цхьанхьа генна вахана вогIуш хилла. Новкъахь дукха кIад а велла, садаIа охьахиъна иза, юха дIатевжина. ДIатевжжинчохь наб кхетта. ГIена кхоьлаха инзаре хIуманаш гина цунна. И хIун дара, муха дара дийца ца хиъна цунна.

ЦIеххьана самаваьлла Берса. Самаваьлча шен гIевлангахь Сийлахь Къуръан а, шаьлта а карийна цунна. Уьш мичара евлла а, хьан ехкина хууш ца хилла жимачу стагана. Цул тIаьхьа, нахана цуьнгахь тамашийна хIуманаш гучудийла дуьйладелла. Иза Сийлахь Калам деша волавелла, хьалха цхьа а элп Iамийна ца хиллехь а. Цул сов, Къуръана тIера аяташ, сураташ нохчийн матте дохуш хилла, хьалха Iаьрбийн мотт хууш ца хиллехь а. Цуьнгахь цхьацца караматаш гучудуьйлуш хилла. Хиндерг олуш хилла иза.

Адамашна иза хьераваьлла моьттуш хилла. Цхьаболчарна жинаша талхийна моьттуш хилла. Цундела, адамаш цунах къехка дуьйладелла. Цо бохург къобалдеш ца хилла. Ткъа Берса-Шайха АллахIах а, Цуьнан Элчанах Мухьаммад Пайхамарх а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лаьцна дуьйцуш хилла, адамаш гулделлачу метте а воьдуш. Цу хенахь дукхахберш ийман диллина а ца хилла, цIуьхIаршна Iибадат деш хилла. Царна дезаш а, цара тIелоцуш а ца хилла хIокхо дуьйцуш дерг.

Дуьххьара цунах тешнарг, цо дуьйцуш дерг къобалдинарг Берса-Шайхан нана Чилла ю. Цунна шена Дала елла къайленаш гайта, тIулга тIе ваьлла, цу тIехь тIулгах дикка чуяхана шен когийн лар йита дезна цуьнан. И тIулг таханлерчу дийнахь а болуш бу, эвлаяан когийн лар тIехь а йолуш. Иза Лаха-Куьрчаларчу Берса-Шайхан зератехь бу.

Баккъал а, тамашийна хилла Берса-Шайхин хIуманаш. Цуьнан къайленаш тахана а евзина яц. Шеца дIаяьхьна цо уьш. Вайга схьакхаьчначу хаамашца эвлаяъ нах цIеначу дине кхойкхуш хьехамаш бан волавелла XVI-чу бIешеран чаккхенехь. Делахь а дика хууш верг АллахI ву. Цо адамаш вовшашца дика, гIиллакхе, кIеда-мерза хиларе, бусалба дин лелоре, Далла Iибадат даре, ламазаш даре, марханаш кхабаре, закат даларе, гIурбанаш даре, сагIа даларе кхойкхуш хилла. Нохчийчоьнан а, Дагестанан а уггаре а хьалхарчу суфийх  хилла ву Берса-Шайх.

Цо кхайкхамаш кхерамаш туьйсуш, тур-тапча даьккхина ца бина, хазачу дашца бина, шегара массо а хIуманца тIех дика масал а гойтуш. Ша бакъдуьнена верззалц хьехамаш беш, адамашна юкъахь АллахIан дош даржош лелла шайх. Цкъачунна цхьанна а хууш дац билггал иза муьлхачу шарахь вина а, иза кху дуьненчуьра дIа маца вахана а. Цуьнан дахарера дуккха а хIуманаш санна къайле хилла дуьсуш ду иза.

Берса-Шайх дIавоьллина Веданан районерчу Лахачу-Куьрчалахь. Цунна юххе дIайоьллина ю цуьнан хIусамнана. Цу шиннан кешнашна тIехь зерат дина. Нохчийчуьра а, Дагестанера а бусалбанаш оьху оцу зерате.

С.ХУСЕЙНОВ

№22, шот, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: