Дешархойн дай-нанойн гулам

Хьехархо – мила ву кху заманан берашна а, церан дай-наношна а гергахь? Мел, муха хила беза хьехархочуьнга ларам? Хьехархо атта хетийтар мичара даьлла? Иштта лазамечу хаттаршна лерина дара 17-чу февралехь Шеларчу А-Хь.Кадыровн цIарахчу №1 йолчу школехь дешархойн дай-наношца хилла гулам.IMG_3237

Цигахь дакъалоцуш вара Шелан районан администрацин куьйгалхочун динан декъехула волу заместитель Ахматов Мохьмад, Шела гIалин мэран заместитель Борзаев Хьусайн, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Шелан районехула йолчу берийн-кхиазхойн гIуллакхийн отделан инспектор Джабраилов Iабдул, Шелан районан дешаран урхаллин инспектор Исраилов Iабдул-Хьамид. Цхьаьнакхетар долош школин юкъара гулам баран бахьана довзийтира школин директора Алиева Зимфирас.

«ТIаьхьарчу хенахь шаьш хьехархо лара ца веза аьлла хеташ бара цхьаболу дешархой. Оха иза берийн хьекъал, кхетам, гIиллакх цахилар лорий, оцу бераца цхьа некъ, бийца мотт а лохура. Амма тIаьхьарчу хенахь, берел а оьшуш бу цхьаболу дай-наной. Шайн берана дов дича, бехк баьккхича, уьш дукха сиха эвхьазабовла кийча бу. Нохчийн гIиллакхехь воккхачо жиманиг кхетош, Iамош, эшахь дов деш, човха а веш схьадеана дара вайн къам. Ткъа хIинца шена «шиъ» диллинарг а, шена дов динарг а, сихха съемкаш а йой, instagram чу кхуссуш дIахIоьттина хьал. Бераш шайн дай-нанойх, я хьехархойх, я воккхачух а озалуш дац. Вай нийсачу некъа тIера дIадевлла дахча мича кхочур ду-техьа? Оцу сингаттамо шуьга дист хила, шух дагадовла дезаш хилар гучудаьккхина».

Хьешех воккхахверг Халкъан хьехархо Исраилов Iабдул-Хьамид хиларе терра, цуьнга делира хьалхара дош. «Хьехархо дукха веза, сийлахь лерина нохчийн къомо даима а. Тахана санна хьехархо «лара ца веза» бохург дагадеана а дац яханчу заманахь цкъа а. Шен берана дов дича, цуьнца бала кхаьчча муххале а хазахетара баккхийчарна. Ткъа хIинца шен бер бахьанехь хьехархочуьнца хьовха, оцу беран дедеца а, девешица а эвхьазадала кийча ду хIинцалера да-нана. Хьехархочун сий охьадаккхалур дац, иза могуьйтур долуш а дац. Тахана хIокху гуламе баьхкинарш берриге бохург санна, наной бу, да масех бен вац. Уьш хIинца ца богIу школин гуламе. Церан хIунда ца кхочу шайн бераша лелочун бала? Школе деанчу беро хьехархо ца ларар оцу беран хIусамера дуьйна схьадогIуш ду. Амма оха, тхайн ницкъ а кхочуш, хьехархочун сий хьоьшуьйтур дац. ХIора школин шен низам, раж ю.

Цуьнан лехамашка хьаьжжина къахьоьгуш бу дешаран белхахой а. Берел а хьалха церан дай-наной бу тахана гIиллакхна, культурина Iамо безаш» – элира I-Хь.Исраиловс. Iеламстага Ахматов Мохьмада бусалба динехь дена а, нанна а шайн доьзал кхиорехь долчу жоьпаллех дерг дийцира. «Доьзалшка къахьоьгуьйтуш дац, уьш кхоош бу. Шайн бераш бахьанехь сонта бевлла дукха нах. Берана мел дича а сов дац я дов а, я хьехар а. Кура ма даха шайн бераш. Ма эца царна механа еза телефонаш, духарш. Церан дешар а, могашалла а, церан ийман а ду аш тидаме эца дезарг. Зудабераш кечлой дохкуьйту деша. Уьш дукха хьалхе маре боьлху. ТIаккха, 2–3 бутт балале цIа баьхкина карабо, кегий бераш охьа а кхуьйсуш. Цхьана хьекъал доцчу гIуллакхо шена тIаьхьара масех бала кхиабо. Школе деша вогIура хьалха, хIинца синкъераме санна, хьехархочунна бале вала вогIу. Хаза а, оьзда а дац иза. Жимма ойлане ца хилахь, вай эрча довлуш ду. Дала диканиг дойла».

Шелан районехь йолчу школашкахь дика вевза Джабраилов Iабдулбек. Низамах доьхначу хIора бераца бийца мотт бу цуьнан. Хьехархошна дика накъост хилла схьавогIучу цо а дехар дира дай-наношка шайн берашца кхетош-кхиоран болх алсамбаккха аьлла. Доккха зулам жимачу зуламашна тIера долалуш ду бохура цо.

Школин директора Алиева Зимфирас баркалла элира шайн дешархойн дай-наношка даггара, хьекъале дош ала баьхкинчу лерамечу нахана.

Кхул тIаьхьа, школин лакхарчу классийн зудаберашна леррина хьехамаш байта дагахь ю иза. Дай-наношна шайн гIалаташ а, кхачамбацарш а гира аьлла хийтира оцу гуламехь динчу лазамечу къамелашкахь.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Авторан суьрта тIехь: гуламан дакъалацархой

№22, шот, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: