Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа кIорггера дешна воккха Iеламстаг а, гоьваьлла политик а санна вевзаш вара. Цуьнан кхоллараллин агIо хIинца а таллаза ю. Амма хIинцале зорбатоьхначу статьяшкахь а, къамелашкахь а къеггина гучудуьйлу иза Везачу АллахIах чIогIа тешаш хилла хилар а, бусалба Iилма цунна кIорггера девзаш хилла хилар а, ша хаьржина некъ нийса хиларх иза чIогIа тешна хилла хилар а.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин, Iеламстаг хиларе терра, дуьнене хьежамаш кхоллабелла суфизман тIеIаткъамца. Бераллехь, дукха жима волуш бусалба дин, Сийлахь Къуръан Iамо боккха лаам болуш хилла иза. 1980-чу шарахь Гуьмсерчу рузбанан маьждиго Ахьмад-Хьаьжа деша хьажийна Бухарарчу «Мир-Араб» хьуьжаре. Цул тIаьхьа Ташкентерчу Исламан университетехь дешна. Цигара цIавеача, 1986–1988-чуй шерашкахь Гуьмсерчу рузбанан маьждигехь имаман наиб лаьттира. 1989-чу шарахь цо Курчалойн-Эвлахь Къилбаседа Кавказехь а дуьххьарлера Исламан институт схьайиллира. Ткъа 1990-чу шарахь Ахьмад-Хьаьжа деша вахара Амманерчу Исламан университетан шариIатан факультете. Амма, Нохчийчохь хIоьттинчу чолхечу политикин хьолаца доьзна, дешар юкъах а даьккхина, цIа веара. Ахьмад-Хьаьжа Нохчийчохь дика бевзаш хиллачу Iеламнехан тIаьхьенех ву. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана дукхазза а билгалдаьккхина КадыровгIеран цIа бусалба дин чIогIа лелош хилла хилар: «КадыровгIеран цIа девзаш хилла шайн баккхий Iеламнах хиларца, халкъо шайн сий-ларам беш хиларца. Оха дерриге а до и цIе лаккха айбина дIаяхьархьама. Тхан дедеда кхойтта шарахь набахтехь валлийнера нахана Къуръан Iаморна. Ткъа цуьнан да махках ваьккхина хилла. Иза махках ваккхинчохь кхелхина. Тхуна цуьнан каш мичахь ду а ца хаьа. Тхан устазаца Кишин Кунта-Хьаьжица цхьаьна набахтехь валлийна иза, бусалба дин лелор бахьана долуш. Оццу набахтехь кхалха а кхелхина, Кунта-Хьаьжас дIа а верзийна. Амма хIинца а цуьнан каш ца карийна тхуна. Тхан дас а лехна иза, со а ву иза лоьхуш… Тхо бусалба цIена дин лелош ду. Бусалба хиларехь го суна дахаран маьIна а. Сан деда Иласхан-Юьртарчу хьуьжарехь дуьнен чу ваьлла ву. Ткъа сан дедеда шовзткъа шарахь бусалба дин хьехна ву. Сан да пхи шо кхаьччахьана дуьйна шерра Къуръан доьшуш хилла ву. Тхан хIусамехь вовшахкхеташ хиллачу Iеламнахаца дечу къамелашкахь Iамийна цо Исламан баххаш. Бусалба дин Iаморехь гора цунна шен дахаран маьIна. Гуьмсерчу рузбанан маьждигехь имам хIоттор ву аьлла, Бухара деша вахийтира иза. Цигахь цо бусалба дин Iамийна ца Iаш могашалла Iалашъяран, экономикин, журналистикин говзаллаш караерзийра. И хьуьжар чекхъяьккхинчунна (светски а) дуьненан а, бусалба а говзаллаш Iаморан тоьшаллаш луш дара. Цундела хаьржинера тхан дас дешаран учреждени. Оха даима а дозалла до тхан дас цIеяхханчу оцу хьуьжарехь дешна хиларх. ХIинца а цуьнан хьехархой хилларш, цуьнца цхьаьна доьшуш хилларш тхо долчу хьошалгIа богIу, даима а хазахетарца дагалоьцу и хенаш. Бухара тхуна еза меттиг ю. Хьаххийначуьра аьлча, мама масехазза хилла цигахь. Хала хенаш яра уьш. Дерриге а динашна бусалбанашна а, керстанашна а – дуьхьал дIахьош къийсам бара. Тхан да ислам халкъан мостагI цахилар дIагайта лууш вара. Делах тешаш хиларо Даймохк беза Iамаво аьлла хеташ вара иза. Цо олура Советски Союз иза цхьана муьрехь бен хирг цахилар, ткъа Делах тешар гуттаренна а дуьсург хилар. Цундела иза деша лууш, керланиг довза гIерташ вара. Цуьнца вехара иза. Цуьнан харжам бара иза». Ханна цул баккхий хиллачу гергарчара а, лулахоша а дийцарехь, Ахьмад-Хьаьжа бераллехь а шен нийсархойх чIогIа къаьсташ вара бусалба дин довза лаарца. Сахьташкахь Iара иза жайнаш доьшуш, Сийлахьчу Каламан, жайнийн хьикматийн кIоргенашка кхача гIерташ. Бакъдуьнена дIаверззалц стага дахарехь шена хьалха хIитточу коьртачу хаттаршна жимчохь дуьйна жоьпаш лоьхура цо: стага дуьнен чохь лелон дезаш дерг хIун маьIна ду? Иза хIунда кхоьллина? ХIокху чолхечу галморзахаллех дуьзна долчу хIокху дуьненахь эхь-бехках ца вухуш Къуръано а, Суннато а бохург деш чекх муха вала веза? АллахIана гIуллакх дарна шен дахар муха дIадала деза? Шен дахарца а, шен кхалхарца а оцу хаттаршна жоьпаш делира Ахьмад-Хьаьжас. Дахаран маьIна адамашна гIуллакхдарехь ду. Къуръано а, Суннато а бохург дар – иза адамашна диканиг дар, нийсо лелор, машар хилийтар, бакъонна тIехь латтар, гIийлачарна, мискачарна, цомгашчарна гIодар ду. АллахIан дуьхьа шен халкъана, махкана гIуллакхдар, иза бакъонца, АллахIана гIуллакхдар ду. Цуьнан ийман кхиорехь, чIагIдарехь мехала маьIна лелийра доьзалехь кхетош-кхиоро а, ткъа иштта суфийн ойланца, кхетамца дуьненахьежаро а. Ахьмад-Хьаьжас чIогIа мехала лорура вайн халкъан къаьхьачу исторехь суфизмо вайн дахарехь лелийна маьIна. Цо дукхазза а олура: «Вайн халкъо шен юьхь ларйина тасавуф а, зуькар а бахьана долуш. Суна ца хаьа уьш ца хиллехь вайн халкъах хIун хилла хир дара». Цул сов, иза тешна вара исламо а, суфизмо а нохчашна законашна муьтIахь долу Россин Федерацин гражданаш хила, кхечу динехь болчу нахаца тарлуш хила гIо дина ца Iаш, тайп-тайпанчу къаьмнех а, тайп-тайпанчу динашкахь а долчу адамашца маьрша даха аьтто беш хиларх а. Суфизман уггаре а коьртачу лехамех цхьаъ ма бу адамашца тарвалар. Адамашца машарехь, тарлуш вахар – «иза адамаллехь кхиъна хиларан билгало ю… Ткъа адамалехь кхиар хуьлийла дац стага деш-лелош дерг АллахIа кхоьллинчаьрца аьхна хиларехь бен, цуьнан дог-ойла АллахIана тIехь сецна хилчий бен», – аьлла Нурбахш Джавада шен «Суфизман бакъдолу дахар» жайни тIехь. Iаьрбийн мотт дика хууш, Къуръанерчу суратийн, аятийн кIорггера маьIнаш дан хууш волчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжас даима а олура АллахIах тешар, уггаре а хьалха, бусалба стеган гIуллакхашкахь, адамашца, Iаламца, дуьненца йолчу юкъаметтигашкахь хаадала дезаш ду, олий. Суфийн воккхачу устаза Кунта-Хьаьжас баьхна: «ТIом акхаралла ю. ТIамах тера мел долчунна а гена довлалаш, нагахь санна мостагI шуьгара дин, эхь-бехк, гIиллакх, оьздангалла дIадаккха, сий дайъа веана вацахь. Шун ницкъ хьекъал, собар, нийсо лелорехь бу шуна. Оцу ницкъана дуьхьал дан хIума хир дац мостагIчун, мацца ваьлла а иза юхавер ву, цо даре дийр ду ша эшна хилар. Цхьаьннан а ницкъ кхочур бац шу а, шун бакъдерг а эшо, нагахь санна шу шайн динах – тIарикъатах дIа ца хьовзахь. Шайца герз ма леладелаш. Цунна гена довлалаш. Герзо ницкъ бар дагадоуьйту, тIарикъатах дIа а хьовзаво. Герзан ницкъ хIумма а доцург ду тIарикъатан некъа тIехь волчу стеган синан, ийманан ницкъе диллича. Муьлхха а герз оьшшучу минотехь АллахIера гIо кхочург хиларх цатешаран билгало ю. Цул сов, Иблис даима а шун куьг шаьлтанна а, тоьпана а тIеийзош ду. ТIаккха шу Иблисан лаамна тIехьадозу». Иштта, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а кхийтира тIамо нохчийн халкъ хIаллкьхиларе дуьгуш хиларх. Шен къамелашкахь а, статьяшкахь а нохчий машаре кхойкхура цо. Цуьнан къамелаш, коьртачу декъана, цхьаьна догIуш хуьлура Кунта-Хьаьжин хьехамашца. Къаьсттина маьIне дара Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас 2004-чу шеран 1-чу майхь Гуьмсехь Iеламнахаца а, администрацийн куьйгалхошца а хиллачу цхьаьнакхетарехь дина къамел: «Лекхаволчо вайх боккха къинхетам бина вай бусалба дарца, Шех тешар вайна даларца. Хаза сибаташ а делла вайна. Вай бакъдолу къонахий ду. Нохчий санна доьналла долуш къам дац дуьненахь. Иштта ца хилча вайга хIара бала, гIайгIа, сингаттам лалур а бацара. ХIинца, цкъа мукъана а нах санна маьрша даха Iама вай. Вайна муьлххачу хьолехь а хене довла Iемина. Даха Iама вай! Махках даьхна дIадахийтинчохь а вайн халкъ кхечарал дика даха хиира. ЦIадаьхкича а, лулахойнчул тоьлла Iер-дахар дIахIоттийра вай. Амма, юха а вайн хIусамаш хьакхлагIашка ерзийна. Вай хIаллакдина, хIаллакдеш а ду. Даима а тIом беш хIунда ду вай? Дагестанхойнчул чIогIа ду вайн ийман? Ас АллахIаца чIагIо йо-кх ийман чIогIа хиларца вай царал мисхал тоьлашха цахиларца! ТIаккха гIазотан тIамна вай хIунда гIуьттуш ду», – бохура Ахьмад-Хьаьжас. Иза дуьххьарлерниг вара бIаьхочул сийлахь хьанал къахьоьгуш верг ву ала ваьхьнарг, тIом бар а дитий нах санна даха хьовсий вай ала ваьхьнарг. Шен цхьана къамелехь цо иштта элира: «БIешерийн дохаллехь, тIаьхьено тIаьхьенашка а дуьйцуш, вай дозалла дора вешан паргIатонехьа а, дозуш цахиларехьа а къоман-паргIатонан тIом дIабаьхьна хиларх. Вайн наноша, аганан гIожа тIе а тийжаш, вайна иллеш олура гIараваьллачу Шайх Мансуран, майрачу Биболатан хьокъехь, Зандакъарчу Iаьлбиг-Хьаьжин хьокъехь, оьздачу а, доьналла долчу а Зайтин Шихмирзин, нийсо лелош хилла волчу Адин Сурхон хьокъехь… Вайна Харачойн Зелимхин, Дудин ИсмаьIилан, Бенойн БайсагIуран, дуккха а кхечу цIеяхханчу нохчийн, халкъан иэсехь цкъа а евр йоцу цIерш йитинчу къонахийн цIерш тохкура. Вайн мехкан ерриге а истори цкъа а совцуш боцчу гIаттамийн, тIелатарийн, тасадаларийн, цIий Iенош латаран истори ю. Вайн дайн бIаьхаллин хьуьнарш говзалла тIеман Iилманийн, исбаьхьаллин литературин, фольклоран хазна хилла дIахIоьттина. Иза дерриге а иштта хилла ду. Долчунна дац ала ца гIерта со. Шеконе дилла ца гIерта вайн дайн, дедайн бIаьхаллин сий-хастам. Оцу масалшна тIехь дуккха а тIаьхьенаш кхиъна, царна юкъахь – со а. Чолхечу, истори голатухучу муьрехь, нохчийн къам хир ду я дац бохург къаьстачу киртигехь, Делан лаамца, нохчийн халкъана хьалхаваьлла волчу суна сайн декхар а, бакъо а хета шуьга масех хаттар дан. Хьалхара хаттар: цкъаъа а чекхбовлуш хилла боцчу оцу тIемаша, гIаттамаша, кегарийша, эшамаша нохчашна хIун делла шаьш лайначу, тахана а ловш йолчу халонна, Iазапна, Iенийначу цIенна дуьхьал? ХIун дика болх бина? ШолгIа хаттар: Лекха а, Сийлахь а волчу АллахIа вайна эххар а вайн дайн паргIатоне а, дозуш ца хиларе а кхача болу бIешерийн сатийсам кхочушбан еллачу башхачу таронех, АллахIан къинхетамах, нохчийн халкъан тоьллачу кIентийн а, йоIарийн а доза доцуш хиллачу майралло бинчу аьттонах вай хIун дира? Суна хаьа, цхьанна а луур дац оцу хаттаршна жоьпаш дала. Царна жоьпаш дала воьллачун бакъдерг дийца дезар ду. Къаьхьа бакъдерг. Ткъа и бакъдерг ду вай Iовшуш болу бала вайн тхьамданийн, вайна хьалха бевллачеран хьекъале, жоьпалле ца хиллачу политикин тIаьхье хилар. Уьш вайн чолхаллин шад туьрца хадо гIертара даима а, шад схьабастаран метта, шайн халкъана ирс шаьлтанан цIийх юьзначу юьхьига тIехь дан гIертара. Юкъараллехь уггаре а сий-ларам бIаьхой, хIайтъаьлла дошлой бара. Ишттачу цIарца юкъадахана вай историна а… Вешан милитаристски политикица, кхечу халкъаша йоккхучу кепара гIулчаш йохуш дIа ца доьлхуш, вай Дала хаьржина къам ду бохучу декъазчу ойланашца вайн халкъ хIаллакьхиларан зила тIе хIоттийна, Iина йистте кхачийна. Чевнаш хилла, дерина, хьешна дIадаьккхина долу нохчийн латта тахана а цIий лешаш ду. Вайн гIаланаш, ярташ саьлнашкахь Iохку. Байъинарш, чевнаш йинарш эзарнаш бу. Адамийн яххьаш тIера белар дIаьдаьлла, церан бIаьргашчуьра сатийсаман суй, кханалерчу дийнах тешаран суй меллаша дIабовш бу. Вайна тIекхаьчнарг бохам бац. Вайна тIехIоьттинарг къемат ду. ХIетте а, вай оццул даккхийчу зерех чекхдовлуш долчу вайна АллахIа кхин а цхьа таро елла вешан къам Iалашдан, республика керлачу баккхийчу бохамех ларъян… Нохчийн халкъан кхоллам вайн карахь бу. Вай дIакъаста деза, хазачу дешнашна, баккхийчу кхайкхамашна тIехьа а лечкъаш, вайн махкахь зуламаш деш болчарах. Бандитийн карах леш бу яртийн дай, маьждигийн имамаш, районийн къеданаш, бакъонаш ларъяран органийн белхахой, пачхьалкхан гIуллакххой… Иттаннаш бераш байлахь дисина, наной кIентий боцуш буьсуш бу, зударийн – хIусамдай. Амма оцу зуламашка истори юханехьа ерзалур яц. Берийн а, зударийн а чоьтах камикадзен могIарш тIе-м дузалург хир ду. Къайлах а, къулах а церан гIолацар – Нохчийчохь долу хьал кхин а галдаккхаран гIолацар ду. Нохчийн юкъараллина барт оьшу. Цхьаьна гIуллакхаш дар оьшу. Республикера юкъараллин-политикин хьал синтеме дерзорехьа ницкъаш цхьаьнатохар а оьшу. Калашниковн автоматана а, Макаровн тапчина а дуьхьал баккха беза вай журналистан къолам а, тIулг боттархочун жIов а, ахархочун нох а… Буьрсачу мохо стоммачу, боккхачу ножан гIаш санна дерриге а дуьненахула дIасакхийсина вай. Нохчийчуьра дIа мел баханчаьрга боху ас, уьш кхусахьтехь мичча меттигехь белахь а. Нохчийчоьнна оьшуш ду къинхьегам беза шун куьйгаш, шун ира хьекъал, шун собар, болатан лаам. КхоалгIачу эзар шаре гIулч яьккхинчу вайна тIехь ду хьалха дийлийтинчу гIалатийн мохь вайна тIера дIабаккхар. Кхин мехаллаш ю вай юьхьарлаца езаш ерш. Кхин некъаш ду вай харжа дезаш дерш. Республика меттахIоттор дIадоло деза вайх хIора а шен ойланца, кхетамца, хьежамашца хийцаваларна тIера».
А.ДЕЛИМХАНОВ,
Россин Пачхьалкхан Думин депутат
(«Кадыров Ахьмад-Хьаьжа – нохчийн халкъан сийлахь кIант» книги тIера)
(ТIаьхье хир ю)
№22, шот, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2016 шо