24-чу февралехь, Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь терроризмана, экстремизмана дуьхьало ярна лерина «горга стол» дIаяьхьира.
Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин физически культурин, спортан министерствос, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон гIоьнца.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Элембаев Iалихана, Нохчийн Республикин физически культурин, спортан министран хьехамчас Ахматханов Артура, Нохчийн Республикин МВД-н экстремизмана дуьхьало яран туьшан белхахочо Эльмурзаев Шемала, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директоран заместитела Эльмерзаев ИсмаьIала, иштта министерствон а, департаментан а векалша.
Болх дIаболош I.Элембаевс элира:
– Вай дика кхета деза, хIора а жимачу стагана экстремизмах долу зулам довзийта дезаш хиларх. Экстремизмана, терроризмана профилактика яр дIахьош болчу нахана хаа деза шаьш дечу къамелан маьIна халкъе дIакхачо. Хьехархочун корматалла хила еза церан, – дийцира цо.
Эльмурзаев Шемала бовзийтира вайн юкъараллин коьрта лазам: «ТIаьхьарлерчу шерашкахь вайн кегийрхой Герггарчу Малхбале дIаэхар а, уьш галбахар а интернет-сеташ бахьанехь хуьлуш ду. Уьш бахьанехь долуш дуккха зуламаш а хилла, хуьлуш лаьтташ а ду.
Террористийн тобанийн сайташ тIе а нислой, цара еш йолчу роликашка хьоьжуш, церан харц хьехамех теша а теший галбовлу вайн кегийрхой. Цундела Iаламат мехала, оьшуш гIуллакх ду, ма-хуьллу дукха кегийрхошца цхьаьна а кхеташ, царна бакъдолу Ислам дин довзийтар».
Оцу ойланна тIетайра «горгачу столехь» цхьаьнакхеттарш. Иштта дийцира, хIора а ведомствехь терроризмана, экстремизмана профилактика ярна лерина билгалваьккхина цхьа стаг хилча и болх гуттара а жигарберг хиларх лаьцна.
Цхьаьнакхетар дерзош I.Элембаевс билгалдаьккхира министра Д.Умаровс экстремизмана а, терроризмана а дуьхьал дIахьош долчу гIуллакхашна тIехь леррина терго латтош хилар. Иштта тахана «горгачу столехь» дийцинарг цуьнга дIакхачориг хилар а хаийтира.
Х.ЭЛЬБЕРТОВА
№22, шот, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2016 шо