ХIокху деношкахь кегийрхой кхетош-кхиоран балхах дерг дуьйцуш Нохчийн Республикин юьртан бахаман министр Дадаев Муса а, ТIехьа-Мартан районан администрацин куьйгалхо Сельмурзаев Алихан а цхьаьнакхийтира ТIехьа-Мартан районан школийн директоршца. Иштта цигахь дакъалоцуш вара районан къеда Кунтаев Адам, полицин куьпахойн службин векалш, кхиберш. Вайн республикина хьовха, дерриге а дуьненна бале яьлла йолчу ваххабизмах а, экстремизмах а лаьцна дара, коьртачу декъана, цигахь дийцаре динарг.
– Хила ма-еззара дика тIаьхье кхиор – иза доккха беркат ду махкана. Цаьрца кхетош-кхиоран болх ледара бахь, халкъана зуламе бахархьама, муьлххачо а Iехон тарло уьш. Вешан тIекхуьуш долу къона чкъор лардаран Iалашонца, цаьрца беш болу кхеторан болх ницкъ ма-кхоччу дика дIабахьа беза вай. Церан ойланаш дикачу агIор хийцарна а, уьш хьекъале кхиийтарна а мехала хинйолу конкурсаш дIаяхьа еза. Иза иштта хилар лууш Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана массо агIор аьттонаш бина кегийрхойн, – бохура Сельмурзаев Алихана.
Цул тIаьхьа районан администрацин куьйгалхочо бохург тIе а чIагIдеш, шайна хетарг олуш бистхилира кхиберш а. Цара а бохура кхиазхой кхетош-кхиоран болх, мал ца беш, жигара дIабахьабеза.
ТIехьа-Мартан районан администрацин куьйгалхочо а, къедас а цхьаьнакхетар дерзош баркалла элира, шайца бала а кхаьчна, баьхкинчу хьешашна, Нохчийн Республикин Юьртан бахаман министрана Дадаев Мусана а, полицин куьпахойн службин векалшна а, кхачарна а.
И.МАТАГОВ
№22, шот, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2016 шо