Цхьа-ши дош…

   Тахана дуьйна сацош ду Шемахь Iедалан эскарша а, оппозицин ницкъаша а вовшашца тIемаш бар. Амма «Иблисан пачхьалкхерчу» террористашна дуьхьал дIахьош болу къийсам кхин а жигарбоккхур бу.

***

     Шемарчу «Джабхат-ан-Нусри» боламерчу террористаша стомара герзаш диттира Дамаскерчу цхьаьна куьпахь. И бахьанехь масех стаг кхелхина, чевнаш хилларш а бу.

***

    Хонкаран Iедал резадац Шемахь машар баран хьокъехь Россис а, США-с а бинчу бартана. Оцу махкахь болчу курдашна дуьхьал тIом бан лерина ду Анкаран куьйгалла.

***

   Нигерин къилбаседа-малхбалехь эккхийтар дина. Бохам хиллачу меттехь 4 стаг кхелхина, 20 стагана чевнаш хилла.

***

   Иранан коьртачу шахьарерчу шиитийн маьждигехь тIекIал шозза эккхийтар дина. Цигахь лаххара а 15 стаг велла, 50 сов стагана чевнаш хилла.

***

   Брюсселехь кхеташо дIаяьхьира Евросоюзана юкъайогIучу пачхьалкхийн МИД-н куьйгалхоша. Коьртачу декъана цигахь дийцаре дира мигранташ Европин мехкашкахь дIатарбаран хьокъехь долу гIуллакхаш.

***

   Иракехь селхана парламенте а, Экспертийн Кхеташоне а харжамаш дIабаьхьира, харжамхоша жигара дакъа а лоцуш. Церан жамIаш герггарчу деношкахь довзуьйтур ду.

***

   Великобританис Москварчу Кремлан музейна схьаелла Россин паччахьан Николай ШолгIачун Викториански зIе.

***

   Эрмалойчоьнан а, Иранан а куьйгалхоша куьйгаш яздина оцу шина пачхьалкхана юкъахь цIерпоштнекъ билларан хьокъехь йолчу меморандумна.

***

   Россин Президента В.Путина селхана дакъалецира вайн мехкан кхерамазаллин федеральни службин кхеташонехь.

***

   Воркута гIаларчу «Северная» шахтехь эккхар хилла. Цигахь ши стаг кхелхина. Шахти чохь хиллачу 110 стагах 8 воцург хьалаваьккхина. МЧС-н белхахой бу бохам хиллачохь болх беш.

 

№22, шот, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: