Къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу федеральни агентствос Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу федеральни агентствоца цхьаьна 2016-чу шеран 21-чу июлера дуьйна 27-гIа июль кхаччалц Ерригроссин кегийрхойн дешаран «Территория смыслов на Клязьме» форуман буха тIехь дIахьур ю «Къаьмнийн юкъаметтигийн къона говзанчаш» цIе йолу леррина Смена (кхидIа – Смена).
Сменин гурашкахь безачу хьешашца дIадахьа лерина дуккха а цхьаьнакхетарш, лекцеш ешар, мастер-классаш ялар, «горга стоьлаш», къамелаш дар, иштта къаьмнийн юкъарчу юкъаметтигийн декъехь йолчу проектийн презентацеш яр. Тоьллачу идейн авторийн аьтто хир бу Проектийн конвейерна юкъабаха а, шайн проекташ кхочушъян грант яккха а.
Сменехь дакъалацаре кхойкху къаьмнийн-культурийн автономийн а, иштта коммерчески йоцучу организацийн а къоначу векалшка (22–30 шш. долу), журналисташка, къаьмнийн юкъаметтигийн декъехь къахьоьгучу пачхьалкхан белхахошка, ненан меттан хьехархошка, ДоттагIаллин а, Къаьмнийн а цIенойн а, этнопаркийн а белхахошка, иштта кхечу организацешкарчу кегийрхошка.
Сменан дакъалацархойн гIуллакх дIадахьаран метте дIасабахарна (билгалъяьккхинчу квотан гурашкахь)жоьпаллехь хир ю Россин Федерацин субъекташкахь пачхьалкхан кегийрхойн политика дIаяхьар кхочушдаран Iедалан органаш.
Сменех лаьцна болу мехала хаамаш а, регистраци яран кеп а хаа йиш ю Ерригроссин кегийрхойн дешаран форуман сайта тIехь: территориясмыслов.рф адресца.
А.В.Меженько,
Къаьмнийн юкъаметтигийн гIуллакхашкахула йолчу федеральни агентствон куьйгалхочун заместитель
№22, шот, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2016 шо