Масех де хьалха «Даймохк» газетан редакцехь хилира Нохчийчохь хьовха, Россехь а, цул арахьа а вевзаш волу Iеламстаг, Къилбаседа Кавказан Iеламнехан кхеташонан куьйгалхо Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжа. Иза цхьаьнакхийтира къоман цхьаъ бен доцчу газетан журналисташца а, техникин белхахошца а. Цаьрца хиллачу къамелехь цо билгалдаьккхира нохчийн маттахь арадолуш долчу газето ненан мотт, къоман гIиллакхаш, оьздангалла, эхь-бехк, яхь-юьхь, дайн Iадаташ лардарехь, ийман кхиорехь лелош долу доккха маьIна.
Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжас аьлла ма хиллара, «Даймохк» газет нохчийн меттан пхьалгIа ю. ХIара газет юкъадаьлчахьана дуьйна а кхуьнца юххера гергарло лелош хилла, хIинца а бу нохчийн меттан Iилманчаш, яздархой, поэташ. Уьш кест-кеста редакцехь вовшах а кхета, вовшех дага а буьйлу. Иштта, Iеламстага хаийтира шена а хIара газет хьоме хеташ хилар а, кхузахь болх беш болу цхьамогIа журналисташ шена бевзаш хилар а, ша газет доьшуш хилар а. Тхуна, тамехь хетта ца Iаш, дозалла а хийтира махкахь гIараваьлла вевзаш волчу Хож-Ахьмад-Хьаьжас газетан хьокъехь цу тайппана дешнаш аьлча.
«Даймохк» газето вовшахтоьхначу музейга хьожучу хенахь Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжин бIаьрг, хаа а луш, серлабаьллера. Цунна боккха безам хетара дуьххьарлера суьрташдоху аппарат, зорбатуху машен, «Ленинан некъ», «Къинхьегаман байракх» газетийн шира номерш, шира суьрташ. Цунна, цхьаммо а хьеха ца оьшуш, вевзира «Серло» газетан (хIинца – «Даймохк») дуьххьарлера редактор хилла Арсанов СаьIидбей, «Ленинан некъ» газетан редактор лаьттина Мамакаев Мохьмад, кхиберш. Церан говзарийн цIерш а ехира, уьш маца язйина ю а дийцира хьешо, шега ладугIуш берш цец а бохуш.
Цуьнан бIаьрг тIе ца хIуттуш цхьа а хIума ца дисира. Шена гинчун лаккхара мах хадийра Х-А.Кадыровс. Баркалла элира, шираниг таханлерчуьнца дузуш, музей вовшахтоьхначарна, нохчийн маттахь арадолучу газетехь хьанал, доггах къахьегарна. ДIасакъастале хьалха «Даймохк» газетан а, кхечу редакцийн а белхахошца цхьаьна безамна суьрташ дахийтира.
Оцу цхьаьнакхетаро, шеко йоццуш, кхидIа а хьуьнаре къахьега дог-ойла гIаттийра редакцин белхахойн. Оцу дог-ойланца тахана а болх беш бу уьш. Иштта хуьлу беркатечу цхьаьнакхетаран тIаьхье.
С.ХАМЗАТОВ
№22, шот, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2016 шо