Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада Нохчийн Республикин Конституци тIеэцна а, референдум дIаяьхьна а де билгалдаккхарехула йолчу вовшахтохараллин комитетан кхеташо дIаяьхьира.
Цигахь дакъалецира законодательни органан депутаташа, министраша, районийн а, гIаланийн а администрацийн куьйгалхоша, Iилманан а, кхоллараллин а интеллигенцин векалша.
Лакхахь билгалъяьккхинчу вовшахтохараллин комитетан председатель волчу Даудов Мохьмада билгалдаьккхира, референдум дIаяхьа дагадеанарг Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хилар.
«Вайна массарна а дика дагадогIу вайн республика муьлхачу хьолехь яра. ХIетахь хиллачу ерриге а халонашка хьаьжна доцуш, Ахьмад-Хьаьжа бахьанехь, харжам бан а, республикин хиндерг шайна муха хила лаьа къасто а таро хилира нохчийн халкъан. Вайн хьалхарчу Президентана хаьара Конституци тIеэцаро республика нийсачу хорша а, маьршачу дахаре а ерзор юй. Нохчийн Республикин Конституци тIе а оьцуш, дерригхалкъан референдум дIаяхьар мел хьекъале а, нийса а сацам хилла, вайна тахана гуш ду», – элира Даудов Мохьмада.
Цо билгал ма-даккхара, 2003-чу шеран 23-гIа март – нохчийн къоман дахар а, истори а хийцина долу башха дезде ду.
Иштта, республикин Парламентан куьйгалхочо дийцира, тIамо йохийна йолу республика референдумна кечлуш хилла денош шена дика дагадогIуш хиларх лаьцна: «Референдум дIаяхьале хьалхарчу деношкахь зуламхоша харжамийн каппаш йолчу герзаш детташ, бахархошка харжамашкахь дакъа ма лаца бохуш, кхайкхамаш беш я кхерамаш туьйсуш долу цхьацца кехаташ кхуьйсуш, шайн хирг лелийра… Къоначу тIаьхьенна хаа деза, тахана вайн республикехь болчу машарах а, паргIатонах а мел беза мах дIабелла».
Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата хаам бира республикин ерриге а районашкахь, учрежденешкахь лакхахь билгалдаьккхинчу денна лерина гIуллакхаш дIадахьа кечлуш хиларх лаьцна.
«Республикин ерриге вузашкахь а, школашкахь а Нохчийн Республикин Конституцина лерина, Парламентан депутаташа дакъа а лоцуш, лекцеш а, урокаш а дIахьур ю. Студенташна а, дешархошна а нохчийн халкъан исторехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIалаьцначу меттигах а, вайн лаьтта тIехь машар, паргIато дIахIотторхьама цо лайначу халонех а лаьцна дуьйцур ду. Иштта дагалаьцна ду референдум дIаяхьарехь Ахьмад-Хьаьжас лаьцна дакъа билгалдаккхарна лерина Iилманан конференци дIаяхьар. Цигахь дакъалоцур ду Къилбаседа Кавказерчу бевзаш болчу Iилманчаша. Республикин шуьйрачу хаамийн берриге а гIирсашкахь шуьйра дуьйцур ду, Конституци тIеэцаран дийнах лаьцна», – элира министра.
А.СУЛИМАНОВА
№22, шот, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2016 шо