«Халкъан бакъонаш ларъяйта суна санна цхьанна а ца лаьа»

ДIаяханчу номерехь оха дийцина ма-хиллара, ва244324234йн республикехь хилира Россин Федерацин Президент волчохь граждански юкъаралла кхиорехула а, адамийн бакъонашкахула а йолчу Советан делегаци. Шина тобане бекъа а белла, Чернокозоверчу набахтехь а, Соьлжа-ГIаларчу талламан изоляторехь а хилира уьш хьалхарчу дийнахь. Цхьана а тайпа бакъонаш талхор билгалдаьлла цахиларх лаьцна дийцира делегацин декъашхоша.

ШолгIачу дийнахь Россин Федерацин Президентан хьехамчас, лакхахь билгалъяьккхинчу Советан председатела Федотов Михаила куьйгалла а деш, кхетошо дIаяьхьира Нохчийн Республикин Правительствехь. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Кхетошонехь цо ма-аллара, адамийн бакъонаш а, церан хьашташ а лардарехь баккхий кхиамаш баьхна Нохчийн Республикехь.

– Дийнахь а, буса а адамийн бакъонаш ларъярехь къахьоьгуш ду тхо, – элира Р.Кадыровс. – Воккхавевеш бу цу декъехь болуш болу гайтамаш а. Аса массо а хенахь олуш ду, Нохчийн Республикин бахархойн бакъонаш ларъярехь сол а чIогIа саготта хир вац цхьа а. Сайн халкъан бакъонаш ларъярехь масийттазза Iожаллина бIаьра хьажа дезна сан. Цу новкъахь сайна уггаре дукхабезачу а, гергарчу а нахах ваьлла со.

ХIаъ, тIепаза дукха нах байна республикехь. Массарна а хууш а ду иза. Со вице-премьер волчу хенахь цу гIуллакхна дуьхьал хиллачарах цхьаъ ву со. Ас дIакхайкхийра, номерш йоцу машенаш республикин некъашкахь хила ца еза аьлла. Коьртах туьтамIаьжигаш а йоьхкина, дIахьочу зачисткашна а дуьхьало йира ас.

ТIепаза байна нах схьалахаран проблема тахана а йолуш ю республикехь. Вайна хIора стаг дагахь ву тхуна. Тхайн ма-хуьллу уьш схьалахарехь болх дIахьо. Амма тхан таронаш кIезиг ю. Цу гIуллакхана хьокъала йоллу комисси кхоллар деха деза вай пачхьалкхан куьйгалхошка.

Иштта, кхеташонехь дакъалецира тIепаза бераш дайначу дай-наноша. Цхьа а бехк-гуьнахь доцуш, шайн доьзалхой дIабигина хиларх лаьцна дийцира цара. Къамелдиначарах цхьаъ вара Соьлжа-ГIалара вахархо Сулейманов Докка:

– 2011-чу шеран 9-чу майхь, тIеюьйхина Iаьржа хорма а йолуш, герзаш карахь долчу бархI стага сан кIантана Сулейманов Тамерланна тIе а бахана, «Тамерлан хьо вуй?», – аьлла, хаттар дина. Ша ву аьлла, цо жоп делча, мочхал тIе хIума а тоьхна, кхетам чуьра а ваьккхина дIавигна иза. Машенийн марка а, номерш а, бос а хууш бу. Зулам диначу меттехь дIахIоттийна камера а хилла. Цхьа сахьт а далале массанхьа а хаам бира ас. Ши шо сов хан дIаяьллачул тIаьхьа сайн кIантах хиллачух хууш хIумма а дац суна. Билггал цхьа хIума хаьа суна, нуьцкъаллин структурийн белхахоша дина зулам ду иза.

Нагахь санна шен кIант цхьана хIуманна бехке волуш дIавигинехь, иза стенна бехке ву шена хаа лаар дIахаийтира Д.Сулеймановс.

Цу тайпана дара 2000-чу шерийн юьххьехь шайн доьзалхой дIабигарх лаьцна зударша дийцинарг а.

Адамийн бакъонаш а, маршонаш а ларъяран «КОАЛИЦИЯ» цIе йолчу боламан куьйгалхочо Яхъяев Денис билгал ма-даккхара, тахана 5 эзар стаг ву республикехь тIепаза вайна. Дуккха а декъий цхьаьна дIадоьхкина 60 каш ду Нохчийчохь. Амма декъий Iалашдан а, царна тIехь таллам дIабахьа а оьшу  лаборатореш цахилар бахьана долуш, схьадаста йиш йоцуш лаьтташ ду и кешнаш.

Советан декъашхочо, граждански маршонехула йолчу комиссин куьйгалхочо Сванидзе Николайс билгал ма-даккхара, вуно мехала ду шайн кIентий байначу наношка ладогIар.

– Вайн бакъо яц церан проблема тидаме ца оьцуш лела, – элира цо. – ТIепаза байначу нехан гергарчеран терго еш ца хилахь, бакъонаш ларъярхой хир дац вайх. Адамийн бакъонаш ларъяр пачхьалкх ларъяр ду. Дац пачхьалкхан куьйгаллехь берш ларбар, пачхьалкх тIехь лаьтташ йолу бух ларбар ду.

Ставропольски крайрчу дешаран министерствехь йолчу юкъараллин советан председательна Шаповалов Владимирна хетарехь, адамийн бакъонаш ларъярехь боккха болх бо Нохчийн Республикехь. Цо ма-аллара, адамийн къинхьегаман а, садаIаран а, дешаран а, кхийолу а бакъонаш ларъярехь Нохчийчохь динарг кIезиг дац.

Советан декъашхочо Бабушкин Андрейс элира:

– Талламан изоляторехь хилира со. Схьахетарехь, кху тIаьхьарчу 25 шарахь Россехь суна гиначарна юкъахь тоьллачех цхьаъ ю иза.

Соьлжа-ГIаларчу изоляторехь чубоьхкина болчу нехан бакъонаш талхош хилар а ца хаадели суна. Цу декъехь суна доггах баркалла ала лаьа Россин таIзарш кхочушдаран федеральни службин Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин куьйгалхошна.

Регион кхиорехь Россин кхийолчу субъекташкахь а шайх масал эца хьакъ бу Нохчийн Республикин куьйгалхой. Суна хетарехь, уггаре коьртачех ду социальни-экономикин хьелаш кхиор. Суна баккъал там хилла Нохчийчохь гиначух. Белхан меттигаш кхолларна а, инфраструктура кхиорна а боккха тидам тIебохуьйту кхузахь. Лаьара, кхечу регионашкахь Нохчийн Республикехь дечу гIуллакхех масал оьцийла.

Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран векало Нухажиев Нурдис билгал ма-даккхара, бахархошна бакъонаш йовзийта лерина Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан программа ю республикехь кхочушъеш. Оцу программехула 300 сов семинар дIаяьхьна регионехь. Иштта баъонаш ларъяран Iалашонца республикин цхьайолчу ведомствошкахь кхоьллина юкъараллин советаш. Цу декъехь мехала ду Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллехь доьзалшна юкъахь барт барехь, нахана юкъара чIираш дIаяхарехь а болх беш комиссеш хилар.

Э.ДАВЛЕТБАЕВ

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: