Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана юьртан бахаман латтанаш лелоран гIуллакх дийцаре дира республикин бахамца, лаьттаца йолчу юкъаметтигийн министраца Эдилов Романца а, юьртан бахаман министраца Дадаев Мусаца а.
Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс билгалдарехь, юьртан бахаман латтанаш лелорна тIехь латтош йолу терго кхин а чIагIъян езаш ю.
– Латтанийн арендаторшна дIахаийта деза, цара ханна эцна долу латтанаш тесна дита йиш йолуш цахилар, – элира цо.
Нохчийн Республикин бахамца, лаьттаца йолчу юкъаметтигийн а, юьртан бахаман а министерствоша республикин районашкахь цхьаьна бинчу талламо гайтина фермерша дIатесна я лелон ма деззара лелош доцуш 15 эзар гектар латта хилар.
Цул тIаьхьа, оцу шина а министерствон векалша бинчу балхаца нийса догIуш лакхахь хьахийначу 15 эзар гектарех 8,5 эзар гектар Iедалан балансе юхадерзорна кехаташ кечдина. ХIинца и латтанаш керлачу фермершна дIалур долуш ду.
Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс тIедиллина декхар кхочушдархьама, Нохчийн Республикин бахамца, лаьттаца йолчу юкъаметтигийн министерствон белхахоша теллина республикин бахархойн долахь долу дакъош (латтанаш) (Веданан районерчу бахархойн долара дакъош таллар хIинца а дIадоладелла дац).
Соьлжан районехь госхозашна дIасадекъна оханан 200 гектар латта. Масех шарахь цхьамма а терго ца еш и латтанаш тесна дитина хилар бахьана долуш яьккхина гIулч ю иза.
– Хьалхо и латтанаш оха ахархойн-фермерийн бахамашна дIаделла дара. Тхайн лаамца дина хIума а дацара. Наха кехаташ а кечдина, шаьш и латтанаш лелор ду аьлла планаш а кечйина дина хIума дара. Амма оцу латтанийн масех шарахь, цхьанна а кепара, йина терго яц. Цундела оха и латтанаш оцу районерчу госхозашна дIасадекъна. БIаьста республикин хIора а районехь юха а юьртан бахаман латтанаш лелор талларна лерина белхаш дIахьур бу оха, – бохура Р.Эдиловс.
И.ХАСАХАНОВ
№22, шот, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де, 2016 шо