Барто Агниян 110 шо кхачар билгалдаьккхира

Дукха хан йоццуш С.В.Михалковн цIарахчу республикин Берийн библиотекехь дуьненахь гIараяьлла евзаш йолчу берийн яздархочун Барто Агниян 110 шо кхачар билгалдаьккхира.вер.jpgппп

    Библиотекин белхахоша ешархошца цхьаьна вовшахтоьхнера и гIуллакх. Ешархойн зала чохь дIадаьхьира цхьаьнакхетар. А.Бартон кхолларалла йовзуьйтуш цуьнан книгийн гайтам а вовшахтоьхнера.

Барто Агниянан дахарх а, кхоллараллех а лаьцна ешархошна дийцира библиотекара Мусаитова Зулихана. Цуьнга леррина ладуьйгIира къоначу ешархоша.

Цул тIаьхьа берашца масех викторина йира. Ловзаран кепехь йолу «Муьлха дош юкъахдисина?» аьлла викторина къаьсттина хазахеттера ешархошна. Цкъа хьалха библиотекара А.Бартон байт йоьшура, цу юкъара цхьа дош юкъах а дуьтуш,  ешархоша схьаала дезара и хIун дош ду. Иштта, байтийн цIерш хаар къовсуш викторина а йира. Цигахь билгалделира, яздархочун байташ берашна дика евзаш а, дагахь хууш а хилар.

Цул тIаьхьа, къоначу ешархоша «Тхо седарчий ду» цIе йолу хелхар гайтира. Яздархочун уггаре а шайна хазахеташ йолу байташ йийшира бераша, иштта, «Любитель-рыболов» йиш а лекхира (А.Бартон дешнаш тIехь яьккхина йолу).

«ХIоранна а дагайогIу хир ю шен бераллера байташ. Ткъа тахана тхан бералла дагайоуьйту А.Бартос язйинчу «Наша Таня громко плачет» а, «Вздыхает на ходу бычок» а байташа. Мел баккхийнаш а бералле буьгу цуьнан байташа. Берашна лерина ю аьлла ца Iаш, кIорггера чулацам болуш хуьлу цо язйинарг. Дикалла а, къинхетам а, нийсо а йовзуьйту цо берашна шен байташкахь. А.Бартон кхолларалла таханлерчу берашна евзина а ца Iаш, цуьнан книгаш маракъуьйлуш хьалакхиъна бу оцу берийн дедай а, денаной а», – элира библиотекин директора Сайдумова Зулайс. Цу тIехь дерзийра  цхьаьнакхетар.

Оцу цхьаьнакхетарехь жигара дакъалацарна ешархошна Сийлаллин грамоташ а, совгIаташ а делира.

З.ХАСИЕВА

Суьрта тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой

№23, шинара, бекарг (март) беттан 1-ра де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: