Хаза мехкарий бу вайн къоман.
Шайн хазаллица оьзда а, гIиллакхе а, Соьлжа-Г1аларчу «Бенадент» цергийн клиникера Талгаева Малика а, Хачураева Элина а, Эльмурзаева Залина а санна, шаьш бечу белхан говзанчаш а уьш хилча, гуттар а царах дозалла дан дог догIу. Мелла а хьалха таханлера шорто а, кхачо а яцара вайгахь. Шарахь цкъа догIучу марха достучу денна кечлуш къаьхьоьгура вай, тIаккха а таханлера мерза хIуманаш ца хуьлура вайн стоьлаш тIехь. Ткъа таханлерчу дийнахь массеран а стоьлаш юьзна хуьлу бес-бесарчу марзаллех. Вайн хIора а чохь марха достучу дийнахь санна ду.
Бакъдерг аьлча, и бахьана долуш, берийн цергашца бала оза дезаш-м хуьлу вай. Делахь а оцу гIуллакхна а дарба дан говза лоьраш бу вайн. Царах бу вай лакхахь цIерш яьхна цергийн лоьраш. 2007-чу шарахь хIара клиника схьайилличхьана а, цул хьалха а кхузахь болх беш бу и башха мехкарий. Церан аьхна хиларна, масала, тахана веана 7 шо долу Мохьмад санна болу кегий «дархой» оза а ца ло царах, уллехь да-нана цахиларх цергашна дарба дайта а баьхьа.
Дуьненаюкъарчу зударийн дезачу денца «Бенадент» клиникин зударий: лоьраш а, белхахой а даггара декъалбо оха. Дала тахана санна хаза а, могаш-маьрша а долуш, ирс-аьттонца дахадойла шу!
Т.САРАЛИЕВА
Авторан сурт