«Дахаран челакха йоргIа»

иштта цIе ю яздархочун Давдиев Аминан зорбане яьллачу байтийн, дийцарийн гуларанббБIе сов агIо йолу «Дахаран челакха йоргIа» книга йолайо Новощедринскерчу юккъерчу школин нохчийн меттан хьехархочун Давдиева Маликин Давдиев Аминан дахарх а, кхоллараллах а лаьцна долчу могIанаша. «Давдиев Амин вина 1952-чу шарахь ГIиргIизойн махкарчу Кок-Янгак гIалахь, белхалочун доьзалехь, – яздо Маликас.  – Бераллин хенахь дуьйна дечиг-пондарца ша даьхначу мукъамаш тIехь дешнаш яздан гIертара иза, иштта нисделира байташ язъян волавалар.  Дуьххьарлера байт Нажи-Юьртан кIоштан «Коммунизман маяк» цIе йолчу газетехь араелира. 1977-чу шарахь деша вахара Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультете. 1980-чу шерашкахь дуьйна дийцарш, пьесаш язъян волавелира. «Даймохк» газетехь статьяш а, «Вайнах», «Орга» журналашкахь байташ а, дийцарш а зорбане дийлина. 2009-чу шарахь «Россин дешаран хьакъволу белхахо» цIе а елла…».

  Шен хьомечу Даймахкана а, халкъана а тIехIоьттина долу дика а, вон а сих хьакхалуш хилар го авторан байташкахь. Масала:

«Герзаш а ца дуьйлу, наной а ца боьлху,

Массо а хьанала къахьоьгуш го.

Нийса некъ карийча, дикане доьлху.

Цо жима-воккха а декъалаво»

А.Давдиевн поэзехь ешархошна карор ю тайп-тайпанчу теманашна: Даймахках, ненах, нохчийн маттах, исторех, Iаламах, доттагIаллах, дахарх, безамах, иштта кхечух а  лаьцна йолу байташ.

Яздархочун кхоллараллехь йоккха меттиг дIалоцу лирико. Иштта дуккха а ю цуьнан адамийн ойланех лаьцна байташ а.

Книгин дештIаьхьенехь яздархочо Исмаилов Абус билгалдоккху, А.Давдиев миччахь ша велахь а, ненан маттаца а, нохчийн литературица а уьйр ца хадош, шен байташ а, дийцарш а, пьесаш а язъеш схьавогIуш хилар. «ХIокху тIаьхьарчу ткъе итт шарахь бинчу кхоллараллин белхан жамI лара мегар ду хIара жайна. Шен хатI а, дуьнене хьежар а долуш яздархо ву иза.

«Вайн халкъ, Даймохк безаш а, цуьнан баланаш, халонаш шен дагехула луьттуш а язйина ю гулар тIера говзарш. Юкъарчу сингаттамаша дог Iийжадо цуьнан. Вайн кхиамех воккхаве иза», – билгалдоккху А.Исмаиловс.

Книга арахецна Нохчийн Республикин Яздархойн союзо. Зорба тоьхна Соьлжа-ГIаларчу «Кубань Трейд» ООО-н типографехь.  Книгин тираж 1000 экземпляр ю.

Л.ИБРАГИМОВА

№23, шинара, бекарг (март) беттан 1-ра де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: