Хаьий шуна?..

   Россина а, Iамаркана а юкъахь 4 километр бен некъ бац.

***

   Дуьнен чохь уггаре а доккха хьоза страус ду. Иза сохьтехь 70 км чехка доду. Чехкалла елахь а, цунна ца хаьа тIома дала.

                                                          ***

   Уггаре а даккхийчарех а, тIемаш даккхий долуш а лоруш ду альбатрос олхазар. Австралехь, Iамаркехь, Африкехь, Антарктидехь деха иза. Цуьнан тIемийн йохалла 3,7 метр ю. Даккхий тIемаш хиларна хи тIехула мел гена а дахало иза. ТIома даьлла доьдучу хенахь хи чуьра чIерий лоьцу цо. Уьш лаца аьттонна цуьнан зIок чаккхенехь хьаьвзина ю.

***

   Уггаре а жима хьоза «колибри-пчелка» ду, Куба, Пинос гIайренаш тIехь дехаш долу. Цуьнан йохалла 5,7мм. ю, йозалла – I,6 гр.

***

   Россехь уггаре а жима хьоза «красноголовый королек» ду. Цуьнан йозалла 5,5 грамм ю, йохалла – исс сантиметр.

***

   Дуьнен чохь  акхарошна юкъахь уггаре а сиха гепард ду. Сохьтехь цхьа бIе шийтта километр сиха доду иза.

***

   Уггаре а сиха сагалмат шайтIанан дин (стрекоза) ю. Сохьтехь 30 км йоьду иза. Австралехь ехачу цхьайолчара кIеззигчу меттехь сохьтехь 58 км сихалла гойту.

Л.ДАУТОВА

№23, шинара, бекарг (март) беттан 1-ра де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: