«Нохчийн Республикин хиндерг»

    24-чу февралехь Соьлжа-ГIалин №1 йолчу гимназехь гIалин школийн директорийн Iилманан-методикин балхехула болчу заместительшна а, 4-чу классийн хьехархошна а лерина семинар хилира.

   Семинаран тема «Нохчийн Республикин хиндерг» проектана методически кхачояр» аьлла яра. Иза вовшахтоьхнера Дешаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран нохчийн институтан куьйгалло Соьлжа-ГIалин мэрин Дешаран департаментаца цхьаьна.

Институтан дешаран-методикин проректора Эжаева Маликас йовзийтира 4-чу классийн дешархошна лерина методика. Семинаран Iалашо яра Ерригроссин талламан белхийн хьалхарчу муьран жамIийн хьесап а деш, юьхьанцарчу классашкахь долу бераш Iаморна тIехь а, Ерригроссин талламан белхийн дерзоран муьрана кечам барна тIехь а хьехархошна гIодар. Оцу проектан Соьлжа-ГIалахула йолчу координатора, ЧИПКРО-н проректора Исламова Маликас тидам тIебахийтира ийцира юьхьанцарчу классашкахь берийн хьуьнарш гучудаха хааро школа чекхйоккхучу дешархошлахь хин болу говзанчаш билгалбаха аьтто беш хиларна.

«Берийн дуьхьа хьоьгу къа довш дац. Церан кхетамна, хьекъална тIе цхьацца тIадам тIекхета хьехархо шена тIехь долчу жоьпаллеха кхеташ болх беш хилча», – элира М.Исламовас.

Мехала ду юьхьанцарчу классашкахь берийн дог-ойла, синкхетам кхоллалучу хенахь царна уллохь шен белхан дика говзанча-хьехархо нисвалар. Семинарехь йийцаре еш хилла йолу методика вайн республикин дешаран  ерриге а учрежденешка дIасаяхьийтина. Семинарехь дакъалаьцначу 142 хьехархочунна пайда, беркат хуьлуш бирзира болх.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№23, шинара, бекарг (март) беттан 1-ра де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: