«Дикаллин де»

Иштта яра дукха хан йоццуш Хьалха-Мартан №3 йолчу школехь дIадаьхьначу цхьаьнакхетаран цIе. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос Хьалха-Мартан районан администрацица а, районан дешаран урхаллица а цхьаьна.урус

    Берийн кхолларалле хьовса а, оцу башхачу «Дикаллин дийнехь» дакъалаца а баьхкинера: Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамча А.Жумишев, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон территориальни векалийн отделан коьрта говзанча-эксперт Л.Устраханова, Хьалха-Мартан районан администрацин куьйгалхочун гIоьнча Т.Мусаева,  районан дешаран урхаллин хьаькаман заместитель Р.Бачаев, районан администрацин социальни, кегийрхойн политикин а, спортан а отделан хьаькаман заместитель Р.Исаев.

Вай лакхахь хьахийначу школин дешархоша гайтира берийн дикалла шатайпа хилар. Дуьненахь дуккха а хIума довзаза долу церан дегнаш цIена а, къинхетамах дуьзна а ду, цара кечйинчу концертан программе хьаьжча а гуш дара иза.

Цхьаьнакхетар дерзош, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон цIарах Л.Устрахановас школин библиотекина книгашца совгIаташ дира.

З.САГАЕВА

Суьрта тIехь: Хьалха-Мартан №3 йолчу школехь цхьаьнакхетар

№23, шинара, бекарг (март) беттан 1-ра де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: