«Олимпия» — «Терек» — 0:0

   ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу «Тереко» шен сборийн тIаьххьара матч дIаяьхьира Словенерчу «Олимпия» командица. Кхул хьалхарчу матчехь «Тереко» толам баьккхира Мальтерчу «Моста» командина.y_1b7c6660

   «Олимпия» команда Словенерчу чемпионатехь 1-чу меттехь ю.

ХIокху цхьаьнакхетарехь «Терекехь» ловзуш вара Городов, Педро Кен, Родолфо, Уилкшир (Кану, 84), Семенов, Плиев, Айссати, Кузяев (Пирис, 89), Иванов, Грозав (Лебеденко, 85), Митришев (Мбенг, 77).

Цхьаьнакхетар вовшашкахь хIун долу хьожуш дIадолийра командаша. ДоттагIаллин матч хиллехь а, цуьнга хьовса баьхкина кIезиг бацара. Хьалхарчу таймехь кхерамечу тIелатаре дукха сатийса дийзира болельщикийн. Цхьана а командо гол ца тухуш садаIа бахара футболисташ.

Бакъду, шолгIачу таймехь футболисташа а шайн ловзар дика жигардаьккхира. Цхьацца хийцамаш  хилира майданахь, делахь а, гол тоха аьтто ца болура. Матч йолалуш хилла счет кхин хийца ца луш чекхделира цхьаьнакхетар.

Иштта, «Тереко» шайн сборашкахь хиллачу доттагIаллин цхьаьнакхетаршкахь 7 толам баьккхира, цхьа матч цхьа а ца тоьлуш йирзира. Оцу 8 цхьаьнакхетарехь 1 гол бен яц вайн командина тоьхнарг.

М.КАНТАЕВ

№23, шинара, бекарг (март) беттан 1-ра де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: