Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос нохчийн мотт кхиоран а, баржоран а, марзбаран а Iалашонца, нохчийн маттахь журналистикин тоьлла материал язъяран республикин конкурс дIакхайкхайо. Иза лерина ю Нохчийн меттан денна.
Конкурсан декхарш
Нохчийн юкъараллин дахарехь халкъан ламасташ, гIиллакхаш, Iадаташ, син-оьздангаллин мехаллаш Iалашъярехь долу ненан меттан маьIна шуьйра довзийтар, Республикин шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь нохчийн маттахь болх бечу журналистийн гIолацар. Нохчийн юкъараллехь идеологин а, Iаморан а, культурин а декхарш кхочушдеш йолчу пачхьалкхан а, юкъараллин а учрежденеша ненан мотт марзбарехь дан дезачийн хьокъехь хьехарш, магораш довзийтар.
Конкурсан хьелаш
Конкурсехь дакъалаца йиш ю 2016-чу шеран 1-чу январера 5-гIа апрель кхаччалц болчу муьрехь шайн материалаш Нохчийн Республикин зорбанан а, электронни а шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь зорба тоьхна хиллачеран.
Материалийн мах хадор кху критерешца хир ду:
1.Корматаллин лехамашна жоп луш хилар.
2. Исбаьхьаллин хатI.
3. Йозанан а, барта а ненан мотт хууш хилар.
Конкурсе материалаш схьаоьцу кхаа
номинацехула:
1.Телевидени.
2. Радио.
3. Муьран зорбанан изданеш, интернет.
ХIора номинацехь билгалйина совгIатийн кхоккха меттиг
Нохчийн Республикин хаамийн гIирсашкахь хилла йолу материалаш конкурсе дIаоьцу зорба тоьхначу а, электронни а кепашкахь 2016-чу шеран 1-чу мартера дуьйна 5-гIа апрель чекхдаллалц кху адресца: Соьлжа-ГIала, Маяковскийн урам, 92, Зорбанан цIа – «Даймохк» газетан редакци. ЗIенна телефон: 22-22-24.
Конкурсан толамхошна совгIаташ дар дIахьур ду Нохчийн меттан де даздарал хьалхарчу деношкахь.
Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство
№23, шинара, бекарг (март) беттан 1-ра де, 2016 шо