ХIора а нохчичун сица а, цIийца а ду ша схьаваьлла орам бовза лаар, дай баьхна латта дезар, цуьнга уьйр-марзо хилар. Къаьсттина доккха хьуьнар ду, дуьненан халонех къаьхкина аьтто лоьхуш, шен дай баьхна лаьмнаш, латта, хIусам дIатесна, паргIатоне цакхийдар, нохчийн шира кхерч, кхерчахь йогу цIе ларъеш, дайн гIиллакхаш ца дицдеш, нохчийн хIусамехь, нохчийн махкахь вахар. Ишттачеран могIарера цхьаъ ю лаьмнашна юкъахь Iуьллучу ЧIебарлойн районера Макажара яхархо Хасанова Умисат.
Иза йина 1958-чу шеран 25-чу июлехь Казахстанехь, Кустанай гIалахь. Цигара Даймахка цIа йирзичхьана Макажахь Iаш ю иза.
Умисат йолчу хIусаме кхаьчча, хьуо ширачу замане юха вахача санна хетало. Чохь йогуш нохчийн пеш а, корехь латийна маьхкадаьтта дутту чиркх а, кхобуш даьхни а ду цуьнан. Иштта ма Iийна вайн дай, хьанал къа а хьоьгуш, рицкъа доккхуш, ийманехь, оьзда доьзал а кхиош, гIиллакх-гIуллакх а долуш. Умисатан гергара нах, доьзалш охьанца бехаш бу, цара мел чIогIа аларх а, дехарш дарх а иза цигара охьа ца йогIу. Дахарехь аьттонаш лоьхуш лелла зуда яц иза. Цо олу: «Кхузахь сан синна а токхе ду, эладитанаш ца лехьош, я къинош ца летош, Далла Iамал еш, Iаш ю».
2008-гIа шо тIекхаччалц Умисат шен дайх дисинчу ширачу цIа чохь Iаш яра, цо доккхачу баркаллица дуьйцу вайн мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2008-чу шарахь ЧIебарлойн районехь дайтинчу 28 цIийнах лаьцна.
– Карарчу хенахь Макажахь шина-кхаа цIа чохь бен дехаш адамаш дац, делахь а, аьхка мелла а дукха нах хьалабогIу кхуза, шайн дай баьхна латта ган а, цунах марзо эца а. Уьш гуттаренна а цIа боьрзург хиларх тешаш ю со, – боху Умисата.
Шен дахарехь хиллачу доккхачу хазахетарх дозаллица дуьйцу цо. Дукха хан йоццуш, цуьнан хIусаме веза хьаша, вайн мехкан Куьйгалхо Кадыров Рамзан веана хилла. Иза шена гур ву, я шен хIусаме кхочур ву аьлла цкъа а дагадеана а дацара цунна. ХIинца а наггахь и гIан дарий-те олий а хетало цунна.
Шена ма-хетта цунна хьошалла дан аьтто цахиларна дагахьбаллам бисна ю Умисат. Хала воллучунна, заьIапхочунна Кадыров Рамзана гIо деш хиларх йоккхае иза. Цунна даггара баркалла а боху.
Дайн кхерч латто, цу кхерчахь йогу цIе ца яйта Умисат санна болу зударий ма эшабойла вайна.
ВИСИТАЕВА Тумани
Суьрта тIехь: Хасанова Умисат
№23, шинара, бекарг (март) беттан 1-ра де, 2016 шо