Могашалле кхочуш хIумма а доцийла хаьа вайна, дегIе ладегIа дуьйладелча. Цуьнан хама хиира суна а. ВорхI де дара со дагаро йоттуш, хIара ю аьлла лозуш меже а йоцуш, дегI дIа ца лелалуш, хIетте а, гIоле хир ю бохуш, балха оьхуш. Йиш ма яцара цIахь Iен: 10-чу классера дешархой бара изложени язъян езаш, дагахь Iамийна байт хоттур ю аьллера 6-чу классерчу берашка, таллаза йисина яра сочиненеш. Масане дара кхин дан дезарш.
Бевзаш лоьраш бу аьлла госпитале йигира со. Пехашна рентген яьккхича, цара шайн дархо яц аьлла, г1алин инфекционни больнице хьажийра. Цигахь могашаллин хьесапаш теллича Республикански больнице урологихула болчу лоьрашна т1е хьажийра. Цигахь меттиг ца хилира. Соьлжа-Г1алин №5 йолчу больнице кхечира со тIаьххьара а. Д1ахьаьжча, сайн ирсанна…
Шаьш со яре хьоьжуш 1аш хилча санна, хьаьвзира кхузара белхахой. Суна дарба долийра лор-уролога Оччархаджиева 1айшата. Лоьрех цхьамма а соьга мел ца хаьттинарг а хаьттира. Маца дуьйна цомгуш ю? Дагар лаьтта мел хан ю? Диъ шо хьалха операци йича хIун молханаш яздира лоьраша? ХIун дарба лелийра? Муьлха молха лов? Муьлхарг ца лов?
Сихха санитаркас мотт табина метта яьккхира со – капельницаш хIиттийра. Со нохчийн меттан хьехархо хиларе терра, уггаре а суна тайнарг дара кху больницехь болх мел бечара нохчийн мотт бийцар. Ша чу мосазза йог1у медйишас «Дала маршалла дойла» олура. «Бисмилл» доккхий, дора дерриге дарба а. Эххар а г1оленга яьллачу ас бIаьргаш кхарстийра чухула: пенах латийначу кехата тIехь яздинера: «Кор схьадоьллуш штораш ларъе!» аьлла.
Со ирсе хийтира суна. Син паргIатоне кхочуш хIумма а дац дуьненахь. Ма доккха хIума ду и: со сайн цIахь ю, суна дарба хуьлу, буьйцуш хезарг сан ненан мотт бу, д1атуху куьг Делан ц1арца ду.
Малх санна цIена ю х1ара больница. Шишша меттиг йолуш палаташ а ю. Массо а белхахочо тIехдика кхочушдо шайн декхарш. Шен-шен хенахь йовха яахIума яхьа. Дийнахь шозза-кхузза горгам хьокху санитаркаша. Iуьйранний-сараххьий давлени, дагар дусту медйижарша. Шен хеннахь чуйог1у лор, могашаллех дерг хотту. Лор а ю цхьа тайна, оьзда йоI. Iаламат дика шен болх хууш, иза гича а хуьлу гIоле. Суна тIаьхьо бен ца хиира иза, Нохчийчохь хьовха, Россехь а, дерриге а дуьненахь а вевзаш волчу Оччархаджиев Султанан йиша 1айшат юйла. Иштта ца хилча эхь дара цунна. Вай реза-м ца хуьлу вешан мехкаршка, зударшка дешийта, амма иштанаш ца хилча вайн йиш-м яц.
Соьца чохь ю вуьрхIитта шо долуш йоI. Цуьнан нанас дийцира, т1амах девдда даханчохь, беран хенахь шелъеллачу йоIаца бала узуш шаьш хилар. Уролог боьрша стаг бен ца хуьлуш, хIинццалц лоьрийн дарба ца дойтуш шаьш Iийна хилар а, хIинца кху больницехь говза уролог-зуда ю аьлла хезна, шаьш даьхкина хилар а. Суна доккха х1ума хета иза, ткъа цомгашчунна мел доккха х1ума ду и
Кубански пачхьалкхан медицинин университет чекхъяьккхинчул тIаьхьа шина шарахь Москвахь ординатура а, цул тIахьа аспирантура а чекхъяьккхина Iайшата. Мисарехь (Египтехь) стажировкехь а хилла. Баккъал а дарбане куьйгаш долу лор ю иза.
Луларчу республикера цомгашниш кху больницехь шайна дарба дойтуш хилар хиъна, цунах а боккха кхаъ хилира суна. Ас дозалла до вайн могашалла 1алашъяр оцу т1ег1ане кхачарна, даима а Бурит1е а, Аштаркхане а, Москва а эха-х ца дезий вай а. Юха а суна дозалла хета вайн къоман йо1 иштта говза лор хиларх а.
ТIедог1уш бIаьстенан дезде 8-гIа март хиларна, суна массеран а дархойн цIарах даггара декъалъян лаьара и башха йо1, говза лор. 1айшат, Везачу Дала хьайн балха тIехь кхиамаш бохуш, хьо езачеран а, хьайна безачеран а вуон ца гуш, дуккха а шерашкахь могаш-маьрша яхайойла хьо! Дала декъал йойла хьо! Iайшат санна болу мехкарий эша ма бойла Нохчийчоьнна!
Бергоева Аза
Соьлжа-Г1алин №106 йолчу школин хьехархо