РабиIатан хIусамда кхелхина кхо-биъ бутт баьллачул тIаьхьа, хIусаме бахка пурба а дехна, чу веара эвлаяъ Хьасанул-Басри а, цуьнан масех накъост а. Уьш чубаьхкича, кирхьа охьа а хецна, цу тIехьа охьахиира РабиIат, хьеший цкъа хьалха охьа а ховшийтина.
ТIаккха Хьасанул-Басрис къамел дIадолийра: «РабиIат, хьан хIусамда кхелхина. Хьуо цхьаъ Iаш ю хьо. ХIусамда ца хилча йиш яц хьуна».
«Бакъду иза. Шух тIехдика хууш волчун хIусамнана хила реза хир ю со», – элира РабиIата.
«Шайна юкъахь дика хууш верг Хьасанул-Басри ву», – элира баьхкинчарах цхьамма. РабиIата цуьнга элира: «Ахь суна ас динчу деа хаттарна жоп лахь, хьан хIусамнана хир ю со».
– Схьахаттал. Дала сайн ницкъ кхачийтахь, ас жоп лур ду.
– Со лечу хенахь ийман чохь ялар хир ду сан я дац?
– Иза къайле ю. Къайле Далла бен ца хаьа, – элира Хьасанул-Басрис.
– Со коша чу а йиллина, Мункиро а, Некиро а соьга барт хаьттича, бакъонца цаьршинна жоп далалур ду соьга я дац?
– Иза а къайле ю, Дела воцчунна хаа йиш йоцуш.
– Къематан дийнахь нах дIагулбича, тептарш тIедаьхкича, сан тептар соьга аьтту агIор лур ду я аьрру агIор лур ду?
– Иза Делан къайле ю, И воцчунна хаа йиш йоцуш.
– Нахе кхайкхар деача: цхьа тоба ялсамани чу гIо, важа тоба жоьжахати чу гIо аьлла, со муьлхачу тобанехь хир ю?
– Иза а ю Делан къайле.
– ХIокху беа балхехь гIайгIа йолу стаг зуда яло муха гIерта те? – элира РабиIата. Цо юха а хаьттира Хьасанул-Басрига:
– ХIай, Хьасан, Дала хьекъалх маса дакъа дина дийцахьа?
– Итт дакъа дина. Исс дакъа божаршна делла, цхьа дакъа зударшна делла.
– ХIай, Хьасан, Дала дегIан безам маса дакъа дина кхоьллина?
– Итт дакъа дина кхоьллина. Исс дакъа зударшна делла, цхьа дакъа божаршна делла, – аьлла, Хьасанул-Басрис жоп делча:
– ХIай, Хьасан, хьекъалан цхьана декъаца дегIан безаман исс дакъа лардан ницкъ кхаьчча, сан, хьекъалан исс декъаца дегIан безаман цхьа дакъа лардан а ницкъ ца кхочу хьан? – бехк баьккхира РабиIата.
Воьлхуш, ара а ваьлла, дIавахара эвлаяъ Хьасанул-Басри.
Зорбане кечйинарг — С.ХАСАНОВ
№23, шинара, бекарг (март) беттан 1-ра де, 2016 шо