Далла тIе болх биллар

ЦIеххьана  Махьмуд волчу  чу а лилхина, эскархоша  лаьцна дIавигна иза: «Аш хIун до? Соьгара  хIун  даьлла?» – бохуш лаьтташехь. ДIакхаьчча  цуьнга дIахьедина: «Ахь Iаббаз цIе  йолу  цхьа  хьенех вийна», – аьлла. «Аш хIун дуьйцу а ма  ца хаьа  суна. Аш вуьйцург  суна  вевзаш а  ма  вац. Сан бехк  болуш хIума а  ма дац», – аьлла хIара  дуьхьал  ваьлча, Махьмуда иза  вийна  хилар  чIагIдеш  ши теш  ваьлла. Цара  дийцина  хIокхо  иза  муха  вийра.0002

– Бакъ ма дац иза. Со ма  вац  цара  вуьйцуш  верг. Бехк боцуш хьийзаво  аш со, – бохуш лаьтташехь харц  кхиэл йина, пхийтта шо хан тоьхна, набахте  хьажийра Махьмуд.

– Деллахь, соьгара  даьлла хIума а  ма дац, ас  вийна  стаг а  ма вац. Цхьа  гIалат даьлла, Далла гергахь  къила  воьжна хир  ву-кх со, –  аьлла, собаре  хилла, Деле шена гечдар доьхуш,  Делан  йозанна реза хилла,  набахтехь  хан  токхуш  хилла иза.

Юха, цхьана  дийнахь, набахтин неIарийн  догIанаш даьхна, чубаьхкинчу  эскархоша  дIавигна Махьмуд. Кхиэл ян хевшина  суьдхой хилла. Коьртачу суьдхочо кхуьнга  схьахьедина: «Ахь динчу къизачу  зуламна хьуна пхийтта шо хан  нийса ца  тоьхна, хьуна  вен кхиэл ян йогIу! Кхо де  далале  и кхиэл  кхочушъян а  еза».

– Ма  харцо ю аш шега кхийдош ерг. Ас вийна  стаг вац. Суна гина а, вевзина а вац  аш  вуьйцург…, – бохуш лаьтташехь, теттина ара а  ваьккхина, набахти чу  кхоьссина  Махьмуд. ТIаккха цо Деле доIа дина-кх: «Везан  Дела, сайн дегI а, са а, хIара  болх а хьан кара бели-кх ас. Бехк  боццушехь бехке  вина, кIелвити-кх со. Везан Дела, нийсо  гучуяккхахьа! Хьо воцург деха а вацар-кха, Хьо воцург  дехча дала а вацар-кха. Хьо ву-кх бакъдерг а, харцдерг  а  гуш. Ахь диначунна  со реза  ву хьуна. Гечдехьа, къинхетам  бехьа сох», – аьлла.

Цунах синтем хилла, сапаргIат даьлла  баккъал а болх Далла тIе а  биллина,  дIатевжина  Махьмуд. Цунна  цу сохьта  набкхетта. Цхьана а  хIумано гатдеш са а доцуш,  дика  набйина  цо.

ШолгIачу дийнахь чалтачаш  баьхкина  шахьара юккъехь  дIахIоттийначу  тангIалкха  тIехь  хIара  хьалаолла  дагахь. Цу тIе  а  вигна, хIокхуьнан коча  муш тосучу хенахь, майдана гулделлачу адамашна юкъара, мохь хьоькхуш,  цхьа  стаг  схьаваьлла.

– И вац Iаббаз вийнарг, со ву. Ас вийна иза. Махьмуд бехк  боцуш  хьийзаво аш, харц  тоьшаллашна  тIе а  тийжаш. ДIахеца  Махьмуд! Суна е кхиэл. Дала кхетам  чу  валий со. Дала нийсачу  некъа тIе  ваьккхи  со, суна  е ян хьакъ йолу  кхиэл, –  аьлла цо.

Билла ма-беззара  Далла тIе  болх биллина  волу Махьмуд, циггахь  буржулш дIа а  даьхна,  къинтIера  а  ваьккхина,  шен  доьзална тIе дIавахийтина. Цул тIаьхьа  хьалхачул а лерина  Далла  Iамал-Iибадат деш, Дала шена  тоьхна хан  яьккхина  цо.

 

Зорбане  кечйинарг – С.ХАСАНОВ   

№23, шинара, бекарг (март) беттан 1-ра де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: