Лом тIаьхьара дер дац

Хьала хьаьжча малх ца гуш, лекхачу, юькъачу хьуьна юккъехула халла схьавогIура Адам. ЦIеххьана  дIахьажавеллачу цунна  шена тIаьхьа догIуш лом хааделира. Цунах  кхеравелла, болар сихдира хIокхо. Лоьмо а сихдира болар. ХIара  тIаккха хьалхара дIаведира. Лом тIаьхьадедира. Адам кхин а чехка ведира. Амма лом тIаьхьара долуш дацара. ТIеттIа герга кхочуш дара иза.

Кхин ведда вала меттиг а ца хилла, гIу  чу  воьссира  иза, муьша тIехула. Цу чу кхаьчна  паргIатволлушехь,  хи чуьра  цхьа боккха лаьхьа хьалагIаьттира. ХIара дIакхалла гIоьртира иза. Цунах кхеравелла, муьша тIехула хьалатасавелира  Адам.

Хи чу воьссича  лаьхьано вуур волуш, гIу  чуьра  хьалаваьлча лоьмо  вуур волуш, дан хIума  доцуш, чот йоьхна, муьшах  тасавелла Iаш вара  хIара. Мичара бели  ца хууш, ши мукадахка гучубелира. Цхьаъ кIайн бара, важа – Iаьржа. И ши дахка  хIара тIекхозавелла болу муш баа болабелира. Лахара дуьйна иза бууш хьала богIура ши дахка. Муьшах тасабелла и шиъ охьабожо дагахь муш дIасалесто  волавелира Адам.  Ларамаза гIунан пенах куьг Iоттаделира цуьнан. Куьйга тIе цхьа хIума  летира цуьнан. Хьожа а яьккхина, бага Iоьттина, цуьнан чам  баьккхира цо. Моз хиллера иза. Цуьнан чам  тайна, моз даа волавелира  хIара. ЧIогIа  мерза дара иза. Цуьнан марзалло массо хIума а дицдира цунна: гIу  йистехь  Iаш долу лом а, гIу чохь болу лаьхьа а, муш бууш шена герга гIерташ болу ши  мукадахка  а…

Юха, цIеххьана,  самавелира. Шена гина и тамашийна гIан тидийта цхьа  воккха Iеламстаг волчу вахара Адам. Цо шена гIенан кхоьлах гинарг ма-дарра цуьнга  дIадийцира. Цуьнга леррина ла а доьгIна, Iеламстага  элира: «Хьуна тIаьхьадаьлла хилла лом, вайна  массарна а тIекхача езаш йолу Iожалла ю хьуна, вайна  цкъа а тIаьхьара  ер йоцуш. Хьуна гина  гIу каш ду хьуна. Цу чохь хьуна тIегIиртина лаьхьа кошан Iазап  ду хьуна. Хьо муьшах тасавалар –  дахарх тасавалар  ду хьуна. И муш бууш хилла Iаьржий, кIайн ши мукадахка  дей-буьйсий ду хьуна, хьан дахар дууш, Iожалла гергаялош долу. И дерриге а дицдина долу моз хIокху дахаран марзо ю хьуна. Оцу марзоно дицдо вайна даладезаш хилар, денош дIаэхарца Iожалла гергаоьхуш хилар, вай дерриге а кошан Iазап  Iовша дезаш хилар…».

ГIан тидар дерзийра Iеламстага. Адам кхийтира дуьненан марзоно шена баккъал а вала везар дицдина хиларх. Оцу  Iеламстагца цхьаьна тоба карла а даьккхина, дIаваха дагахь  хьалагIаьттира  Адам.

– КIант, хьан гIан диканца декхаделла, Дала мукъ лахь. Виц  ма лолахь «лом» хьайна тIаьхьара  цкъа а дериг цахилар. Дала дезаш ду-кх вай  дерриге а. Делахь-хIета цунна иштта . кийча хилар ду Дала  тIедехкина фарзаш, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннаташ кхочушдар, ницкъ кхочучу  барамехь АллахIана Iамал-Iибадат дар, – элира  Iеламстага.

С.ХАМЗАТОВ

№23, шинара, бекарг (март) беттан 1-ра де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: