Дерриге а дуьненна кхерам туьйсуш, бехк а, гуьнахь а доцу адамаш хIаллак а деш, кху дийне кхаччалц схьабогIучу зуламхоша-террористаша шаьш ахчанан а, Iедалан а дуьхьа тIом беш дац олу. Цара дийцарехь, «идейн дуьхьа» къийсам латтош бу уьш, шаьш боххург чекхдаккхархьама а, шайна хетачу кепара дуьненан къепе дIахIотторхьама а. «Идейн дуьхьа» тIом бийраш къаьсттина зуламе бу, хIунда аьлча цара цхьа а бакъо а, цивилизованни юкъараллаша тIе а эцна, лардеш долу дуьненан цхьа а закон а ца лору, царна уьш дош а ца хета. Шаьш юьхьарлаьцна Iалашонаш кхочушъярхьама, маьршачу нехан цIий Iенадо цара, даккхий зуламаш до, гӀишлош а, транспорт а лоьлхуьйтуш, кхидолу зенаш а деш. Къинхетам бац церан дегнашкахь, ямартлонца, тешнабехкаца шаьш нахана зен дича, дохко-м муххале а ца бовлура уьш, шаьш деш дерг нийса хета царна . Бусалба дин тодархьама, иза цIиндархьама арадевлла лору шаьш террористаша. Амма иза бакъ дац, бусалба дин цхьаммо а нисдан а, тодан а дезаш дац – иза Дала вайна тIе ма-диллара дIакхьехьа дезаш ду.
Террористаша дечу зуламечу гIуллакхех а, маьршачу нахана цара дечу зенах а лаьцна къамел хилира кху деношкахь Шелан районерчу Чуьйрин-Эвларчу юкъарадешаран №2 йолчу юккъерчу школехь дӀадаьхьначу цхьаьнакхетарехь.
Кхуза кхайкхина Шелан районан чоьхьарчу гӀуллакхийн отделан кхиазхойн гӀуллакхашкахула долчу декъан белхахо, полицин лейтенант Лорсанова Зулихан а, Чуьйрин-Эвларчу ТОМ-н белхахо, лакхара участкови, полицин майор Бекиев Аслан а, дай-наной а бара, уьш тӀеийцира школин хьехархоша а, 9-11-чуй классашкарчу дешархоша а.
Хьешашка маршалла а хаьттина, цхьаьнакхетаран Ӏалошанах дерг а дийцина, болх дӀаболийра школин директоран кхетош–кхиоран декъехула заместитела Наурзакова Фатимас. Цо дош делира школин директорна Гетиев Къасимна. Директора шен къамелехь билгалдаьккхира терроризм кӀорггера орамаш а, ехха истори а йолуш хилар. Террористаша вайн заманахь дина зуламаш дагар дина ца валлал дукха ду, цара дерриге а дуьненахь долчу адамашна кхерам туьйсу, уьш маьрша баха а, шайн доьзалш кхио а ца буьту, элира цо. Вайн гӀаланашка, ярташка, хӀусамашка бахка гӀерта террористаш, дӀаьвше а, ямарт а мотт лебеш, – вайн кегий нах шайна тӀеберзо Ӏалашо лаьцна цара. Амма вай царна ондда дуьхьало йийр ю, ваьш зуламхошка ледойтур дац вай, царна ваьшна юкъахь меттиг хуьлуьйтар яц вай, – чӀагӀдира Къасима.
Юха гулбеллачарна видеоролик гайтира. Фильмана комментареш йира Наурзакова Фатимас. Вайн заманан къаьхьа хиламаш бара экрано схьагойтуш, уьш дукха хан йоццуш Россин исторехь хилла гӀуллакхаш дара: Москвахь а, Волгодонскехь а, Волгоградехь а, кхечанхьа а – цӀеношкахь, урамашкахь, метро чохь, аэропортехь, вокзалехь хилла лелхийтарш, дайъина, лазийна адамаш.
– Вайна го террористаша йитина цӀех юьзна лараш, цара динчу акхачу гӀуллакхийн тӀаьхье. Иштта хӀуманаш диц ца ло, уьш дицдан вайн бакъо а яц.
Вайн массеран а декхар ду дуьненна а бале бевллачу террористашна буьрса дуьхьало яр, царна луург кхочуш цахилийтар, цхьа барт а хилла, дӀахӀиттар, – элира Фатимас.
Шен къамелехь полицин белхахочо, майора Бекиев Аслана билгалдаьккхира вайн махкахь терроризмаца къийсам хаддаза дӀахьош хилар. И болх бакъонаш ларъяран органаша цкъа а лагӀбина бац, Россин гражданийн паргӀат а, маьрша а дахар лардеш, гуттар а сема бу пачхьалкхан кхерамазалла ларъяран белхахой, элира цо.
Дешархошна хьехар дира Аслана:
– Шайн хьехархошка а, дай-наношка а ладугӀуш хила деза шу, цара диканиг бен дуьйцур дац, вочу балхах шу лардийр ду. Интернета чохь бечу харц хьехамашка ла ма дегӀа. Шуна дика болх хилахьара аьлла, лелаш бац и нах, уьш шайна ахча доккхуш бу, кегийнаш Ӏехийна а, тилийна а, зуламхойн гӀеранашна юкъа а озийна.
Иштта, къамелехь дакъалецира кху школехь бусалба дин хьоьхуш волчу Альтемиров Шамила. Сийлахьчу Къуръана тIера аяташ а доьшуш, церан маьӀна а довзуьйтуш, хаза вистхилира хьехархо. Террористаш дакъаза бевлла нах хилар а, уьш динца догӀуш долу гӀуллакхаш лелош цахилар а хаийтира Шамила дешархошна.
– Исламан дин цхьаммо а тодан а, нисдан а оьшуш дац. Веза-Воккхачу АллахӀа Шен Пайхамар волчу Мухьаммадехула (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вайна доссийна Деза Къуръан ду, цу тӀехь Дала вайга кхочушде аьлларг дичхьана довлу вай, – элира къоначу хьехархочо.
Цхьаьнакхетарехь къамел диначара массара а тидаме ийцира, Шемехь болчу, шаьш дуьненчохь ислам-дин маьрша доккхур ду аьлла, арабевллачу зуламхоша кегийрхой Ӏехош хилар, уьш хӀаллакьхиларан новкъа баха гӀертар. Царах а, церан дӀаьвшечу хьехамех а вайн кегийнаш ларбан беза вай аьлла, ойла яра гулбеллачара йийцаре яьккхина.
Цхьаьнакхетар дерзош вистхилира школин директор Гетиев Къасим. Шаьш долчу дахкарна хьешашна баркалла элира цо. ХӀокху тайпа цхьаьнакхетарш кест-кеста шаьш дӀахьош хилар а, тӀейогӀучу хенахь дӀакхехьа дагахь хилар а хаийтира Къасима. Бераша шайна дина хьехарш схьалоцург хиларан а, царна уьш пайдехь хирг хиларан а шен шеко яц, бохура директора.
Лакхарчу классашкара дешархой бара кху цхьаьнакхетарехь дакъалаьцнарш. Уггаре а хьалха царна оьшу кху тайпа къамелаш, хӀунда аьлча церан хӀинца а кхоччуш кхиъна кхетам а бац, дика-вон къасто а, зене, зуламе дерг дӀататта а хӀинцца Ӏемаш бу уьш. Цундела царна дахарх долу хьехарш кест-кеста дан деза.
М.Арсанукаев
Авторан суьрта тӀехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой
№23, шинара, бекарг (март) беттан 1-ра де, 2016 шо