Тодеш ду дукха петарш йолу цIенош

Дукха петарш йолчу цIеношкахь юкъарчу бахамна капитальни ремонт яран хьокъехь долу Россин Федерацин ХIусамийн кодексан тIедахкарш кхочушдаран Iалашонца Нохчийн Республикехь «2014–2043-чуй  шерашкахь Нохчийн Республикерчу дукха петарш йолчу цIенойн юкъарчу бахамна капитальни ремонт яр» регионан программа кхоьллина.петарш

    Билгалъяьккхинчу программин йоццачу ханна тIечIагIйинчу планаца нийса а догIуш, 2015-чу шарахь Нохчийн Республикерчу Веданан а, Шелковски а районашкахь петарийн 9 цIийнан юкъарчу бахамна капитальни ремонт йина (оцу хIусамийн юкъара барам 3 515,6 кв.м бу).

Цул сов, лакхахь билгалъяьккхинчу планаца 2015-чу шарахь дуьйна Шуьйтан районерчу петарийн 6 цIенна капитальни ремонт яран белхаш бу дIахьош (хIусамийн юкъара барам – 3 570 кв.м.). 2015-чу шарахь капитальни ремонт йинарг дерриге а петарийн 15 цIа ду (7 085,3 кв.м.).

2016-чу шарахь Нохчийн Республикехь дукха петарш йолчу 34 цIенна капитальни ремонт йийр ю.

Йоццачу ханна чIагIйина план кхочушъяран декъехь 2016-чу шарахь Нохчийн Республикин Шелан, Курчалойн, Гуьмсан районашкахь а, Аргунехь а, Соьлжа-ГIалахь а долчу петарийн цIеношна ремонт йийр ю (церан юкъара барам – 79 016,0 кв.м.). Билгалдаьхна долу гIуллакхаш капитальни ремонтан фондийн чоьтах кхочушдийр ду. Оцу 34 цIенна капитальни ремонт еш юккъерчу барамехь 78,5 миллион сом дIадер ду.

Капитальни ремонт йийр йолу цIенош билггал муьлхарниш ду хаа йиш ю Нохчийн Республикин гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министерствон официальни сайта тIерчу «ХIусамийн-коммунальни бахаман декъехь терго латтор» декъан «Капитальни ремонтан система» аьллачу разделехь.

Карарчу хенахь Нохчийн Республикин капитальни ремонтан операторша гIишлошъяран, тодаран белхаш дIахьочу организацешна юкъахь конкурсан гIуллакхаш вовшах а тоьхна, лакхахь билгалдаьхна цIенош тодийр долу организацеш къастийна. Цара хIинцале дIаболийна капитальни ремонт яран белхаш.

2016-чу шарахь а, цунна тIаьхьа догIучу шерашкахь а капитальни ремонт яр шена юкъалоцучу регионан программин гIуллакхаш кхочушдар эвсаре хилийтаран Iалашонца Нохчийн Республикехь тодеш ду капитальни ремонт ярна лерина ахчанаш лахьор. Карарчу хенахь Нохчийн Республикехь капитальни ремонтана лерина ахчанаш лахьоран барам 50,6 процент бу, цу тIе, и гайтам лакхабалар а хаалуш ду.

А.ХАСБУЛАТОВА

№23, шинара, бекарг (март) беттан 1-ра де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: