Туристашна хазахета вайн мохк

   2016-гIа шо доладелчахьана Нохчийчу баьхкинчу туристийн барам 7 эзарнал алсамбаьлла.

 вайн г1ала219-чу февралехь вайн республике туристийн 12 тоба еана (300 сов стаг). Дуьненан маьI-маьIIера баьхкина уьш, дика ца хаахь а, оьрсийн мотт хаьа царах дукхахболчарна. Туристашна юкъахь дукха хуьлу кхуза шозза-кхузза  баьхкинарш.

   Таханлерчу дийнахь Нохчийчохь болх беш туристийн 16 маршрут ю.  (ТIейогIучу хенахь кхин а алсамдаха дагахь бу туристийн некъаш).

Нохчийчу схьакхаьчча дуьххьара туристийн бIаьргаша схьалоцург  Соьлжа-ГIалин юкъ ю. Цуьнан ерриге а хазалла схьалоцуш бIаьрг тоха Грозный-Сити комплексан уггаре а лекхачу цIийнан  тхов тIерачу хьажаран майдан тIе бовлу уьш. Цигахь, куьйган кера юккъехь санна, ган аьтто хуьлу вайн гIала.

Соьлжа-ГIалига хьаьвсинчул тIаьхьа, уггаре а дукха туристаш кхочуш йолу меттигаш – Аргунан тогIе, Къоьзан Iам бу. Оцу меттигийн Iаламан хазалла суьрташца гойтуш, къоламца йовзуьйту туристаша шайн блогашкахь. Юх-юха а вайн махка кхача лаар билгалдоккху.

Нохчийчу веана цхьа а турист дIа ца воьду жижиг-галнех, чIепалгех, хингалех, вайн кхин долчу даарех ца кхеташ.

Герггарчу хенахь Нохчийчуьрчу туризмах лаьцна хаа луучарна лерина «ВизитЧечня» цIарца газет ду ара дер долуш (баттахь цкъа). Иштта «Нохчийчохь тоьлла юрт» республикин конкурс ю дIакхайкхийна. Цигахь толам баьккхина йолу юрт туристийн маршрутана юкъаяхийта лерина.

 

Хь.БАХТАЕВА

№23, шинара, бекарг (март) беттан 1-ра де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: