Россин Федерацин Талламан комитето дIакъевлина Нохчийчохь шолгIа тIом болчу хенахь Ханты-Мансийн автономни округера кхуза хьовсийначу лаккхарчу эпсарех хиллачу Минин Валерийс а, Прилепин Александра а республикин маьрша вахархо Мурдалов Зеламха тIепаза вайъарна дуьхьал долийна хилла дов.
Аьлча а, шина а эпсарна амнисти йина. Шуьйрачу хаамийн гIирсаша бечу хаамца, подполковник а, полковник а шайн цIахь ву карарчу хенахь.
Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолу адамийн бакъонийн кхеташонан декъашхо йолчу Саратова Хедас оцу хьокъехь хаам бина, республикерчу адамийн бакъонаш ларъярхоша конференци а хIоттийна, цигахь барт бийр бу Россин Федерацин Президенте В.Путине а, Россин Федерацин Талламан комитетан куьйгалхочуьнга А.Бастрыкине а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга Р.Кадыровга а дохьуьйтур долчу кехатан хьокъехь.
– Эхь ду иза. Стага зулам динехь, иза жоьпе озон веза. Ткъа хIинца тхуна хааделла, республикера маьрша вахархо тIепаза вайъина волу стаг итт шарахь цхьамма а лоьхуш хилла цахилар а, хIинца цунна дуьхьал долийна долу уголовни гIуллакх дIакъовлуш хилар а, – боху Х.Саратовас.
Кхузахь ала догIу, Мурдалов Зеламха тIепаза вайъарна, карарчу хенахь набахти чохь хан токхуш цхьаъ хилар – Лапин Сергей.
Цо 2007-чу шарахь суьдехь дийцина, 2001-чу шарахь Соьлжа-ГIалин Октябрьски ОВД-н керта З.Мурдалов валийнера бохуш. Наркотикаш бахьана долуш «валийна» хилла иза цу керта. Цигахь (ОВД-н кертахь) Ханты-Мансийн автономни округерчу МВД-н Урхаллин белхахоша еттар бахьана долуш, еза чевнаш хилла хиллера Мурдаловна. Цул тIаьхьа цара иза къайлаваьккхина.
Лапин Сергейс билгалдаккхарехь, Мурдалов «лохуш» хьалхаваьлларг хилла Минин Валерий.
И.ХАСАХАНОВ
№23, шинара, бекарг (март) беттан 1-ра де, 2016 шо