Роьшни-Чуьрчу яхархочо Юсупова Яхас шен доьзалан а, лулахойн а лазам бовзийтира республикин Куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане гIодар доьхуш яьккхинчу видеороликехь. Цо доцца, цхьана минотехь, шайн кIетара сурт гойтуш, йовзуьйту коьрта проблема: Марта хи хIора денна а шайн гIишлошна юххе гIерташ хилар а, мала и доцуриг кхин хи ца хилар а.
ЮсуповгIеран доьзал и бала токхуш Iаш болу 10 шо сов хан ю. Ткъа хIинца гуттар а кхерамечу даьлла цигахь Iар, хIунда аьлча гуттар а бераш ара довларх лардан деза церан, кхин хIумма а ца хилча а. (Шайн жима Iайшат масийттазза Марта хи чуьра хьалаяьккхина хилар хаийтира цара журналисташна).
Ткъа и хаам вайн республикин Куьйгалхочуьнга дIа ма кхеччи, цу диннахьехь белхаш дIаболийна Роьшни-Чохь. Хин йистош чIагI а еш, Марта хи кхечу хорша дерзош белхаш бу дIахьош. Иштта мала хи цахиларан проблема а герггарчу хенахь дIайоккхур йолуш ю.
Хь.ЭЛЬБЕРТОВА
№23, шинара, бекарг (март) беттан 1-ра де, 2016 шо