Муха беха вайн лулахой?

Кхуьуш ю производство

СТАВРОПОЛЬ. ДIадаханчу шеран январаца дуьстича карарчу шеран хьалхарчу баттахь гIуллакхдаран декъехь промышленни производствон индекс 122,8 процентан барамехь хилира. Цкъачунна долчу хьесапашца январехь регионера дIадахьийтина 15 миллиард 996,3 миллион соьмана товараш, я стохкачул 16,9 процентана алсам. Чолхечу хьелашкахь а, крайхь промышленни дакъа кхио таронаш хиларан билгало ю иза.

Стохка июнехь губернатора Владимиров Владимира а, Россин промышленностан а, махлелоран а министра Мантуров Дениса а бинчу бартан тIаьхье лара йогIу и гайтамаш. ДIадаханчу шеран жамIашкахула Ставропольски край промышленни дакъа кхиорехь Россехь тоьллачарна юкъахь яра.

 

Хьаштахойн аьттонна

МАЙКОП. ДIадаханчу шарахь Адыгейн электросетийн белхахоша реконструкци йира 160 гергга йолчу энергообъектана. ДIахIоттийра 132 трансформаторни подстанци, 77 километре кхаччалц йолчу йохаллехь токан серий тийсира.

И белхаш коьртачу декъана дIабаьхьира Майкопски, Шовгеновски, Гиагински, Красногвардейски районашкахь. Цара иштта юкъалецира Майкопана уллора поселкаш. Дийнна схьаэцча регионан энергетикин бахамна юкъадиллира  герггарчу хьесапехь 111,5 миллион соьман барамехь ахча.

Керла ехкина энергообъекташ билгалйовлу  технически лаккхарчу барамашца. Цаьрга тешам боллуш болх байтарна оьшуш долчуьнца юьззина кхачойина.

 

Регионан гIишлошъяран индустри

МАХАЧКАЛА. 2015-чу шарахь Дагестанан гIишлошъяран комплексана юкъаехкинчу инвестицийн юкъара барам 124 миллиард сом хилира, я цул хьалха дIадаханчу шарца дуьстича 6,6 процентана алсам. Цул совнаха алсамбевлла гIишлошъяран коьчалш арахецаран барамаш а, 12,4 процентана алсам а бевлла уьш. Иштта хаам бира регионан гIишлошъяран, архитектурин, ЖКХ-н министра Казибеков ИбрахIима.

Республикехь цхьана хеннахь инвестицийн масех проект кхочушйина, шайна юкъахь импортаца йоьзна йолу продукци арахецаран программаш а йолуш. Уггаре а керлачу технологех пайда а оьцуш, сихачу боларшца еш ю и тайпа заводаш Махачкалахь а, Кизилюьртахь а. Оцу гIуллакхаша таро хуьлуьйтур ю гIишлошъяран коьчалшца кхачоярехь хьалхахьа керла гIулч яккха.

Казибековс дийцарехь, дIадаханчу шарахь шайн юкъара мах 17 миллиард 159 миллион сом болуш йолу 11 инвестпроект кхочушъяро экономикин тайп-тайпанчу дакъошкахь керла 770 белхан меттиг кхолла аьтто бира.

 

Дан дезачунна тIе тидам бахийтира

НЕСАРЕ. ХIокху деношкахь гIалин мэр Тумгоев Алихан шахьаран  Сулеменовн, Чеченски, Картоевн урамашкахь а, Базоркинан проспектехь а  долчу хьоле хьаьжира. ТIаьххьарчу хенахь оцу декъехь хаъал гIуллакхаш динехь а, санитарни хьал тодарна тIехьажийна хIинца а бан безаш алссам болх хиларна тидам тIебахийтира гIалин куьйгалхочо. Хьокъала йоллучу службашна тIедожийра канализацин коллектор юьллуш бохийна хилла некъ йоццачу хенахь тобар. Ткъа коммунальни службийн белхахошка бехк баьккхира цара бизнес лелош болчаьрца, туьканийн долахошца ледара зIе латтош хиларна. Цаьрца барташ бан беза нехаш дIаяхар, шайн бахамаш тIехь лаьтташ йолу меттигаш битамехь латтор долахоша тIелоцуш.

ГIалин куьйгалхочо хьокъала йоллучу службийн куьйгалхойн тидам тIебахийтира герггарчу хенахь дан дезачу гIуллакхашна, царах хIоранна билггал декхар хьалха а хIоттош.

 

Юкъаралло урамна Агузаровн цIе тиллар доьху

   ВЛАДИКАВКАЗ. ГIалин куьйгалхочуьнга иштта дехар динчарна юкъахь ву  ветеранийн  республикин кхеташонан председатель Каболов Солтан, хIирийн «Стыр Ныхас» аьлла йолчу лаккхарчу кхеташонан председатель Басаев Борис,  СКФО-н юкъараллин кхеташонан къанойн кхеташонан куьйгалхо Лагкуев Владимир.

ХIирийчоьнан коьртачу шахьаран куьйгалхочо Албегов Бориса дIахаийтира и гIуллакх Владикавказан векалийн гуламехь дийцаре дийриг хиларан хьокъехь. Билгалдаккха деза вуьйцуш верг дукха хан йоццуш кхелхина волу ХIирийчоьнан Куьйгалхо Агузаров Тамерлан хилар.

Оццу хенахь тидам тIебохуьйтура урамашна  политикин а, юкъараллин а деятелийн  цIерш тахкаран билггал бакъенаш хиларна. Цуьнца нийса а догIуш, стаг веллачул тIаьхьа итт шо даьлча бен туьллуш яц иштта цIе. Иза деш гергарчаьргара бакъо хила а еза. Ткъа хIинцалераниг санна йолчу меттехь и гIуллакх къастадо леррина кхоьллинчу комиссехь.

 

Зезагийн гIала

НАЛЬЧИК. Цхьана хенахь шена зезагийн гIала аьлла тиллина хилла цIе меттахIотто болчу лаамах буьзна ГIебартойн-Балкхаройн Республикин коьртачу шахьаран куьйгалхой. Оцу Iалашонна лерина яра администрацин куьйгалхочо Алакаев Арсена «Горзеленхоз» предприятехь дIаяьхьна кхеташо а.

Юьхьарлаьцна Iалашо кхочушъян мел хIун таронаш ю хьожуш, гIалин куьйгалхо хилира зезагийн комбинатехь, теплицашкахь, гайтаман туьшахь, бошмийн могIаршкахь, евзира зезагаш кхиорхойн Iалашонаш. Ткъа цара сацам бина хIокху бIаьста гIалин урамашкахь, паркашкахь розанийн 150 эзар сов кондар дIайогIа. ХIинцале а теплицаш чохь йоккхачу жигараллица дIахьош бу дIайогIа 20 сортах долчу зезагийн материал кечъярна тIехьажийна болу болх.

 

ГIо даран туьшаш

ЧЕРКЕССК. Герггарчу хенахь кхузахь йолчу заьIапчу берийн социальни гIолацаран регионан юкъараллин организацин буха тIехь гIуллакх дан йолалур ю царна мобильни консультацеш яларан хьалхара туш. Бераш дехаш долччу меттигашка дIа а оьхуш дийр ду и гIуллакх.

Билгалдеш ду, республикин уггаре а генарчу районашкахь а баттахь цкъа иштта консультацеш яр. Аутизм, ДЦП, Даунан синдром санна йолу цамгарш йолчу берашца болх бийр бу лаккхарчу корматаллин психологаша, педиаторша, логопедаша, ткъа иштта лерринчу адвокаташа. ХIокху шарахь 700 берана оцу кепара гIо дан шайн ницкъ кхочург хиларх тешна бу жигархой.

 

Яйна хилларг карийна

ЭЛИСТА. Ша иза лехарх гIуллакх а ца хилла, масех де хьалха меттигерчу йоккхачу стага полице хаам бира, коьртана дика йоцуш йолу  53 шо кхаьчна шен йиша цIа еана цахиларх лаьцна. Хьалха а нисъеллера иза шен гергарнаш болчу йоьдуш меттигаш, амма даима а шен хеннахь цIа йогIура яйнарг.

Цхьа де-буьйса хан бен ца ийшира полицин белхахошна яйнарг схьакаро. Билгалъелира иза йолу меттиг. Карарчу хенахь шен гергарчаьрца цхьаьна ю иза.

Халахеташ делахь а, гуттара а ца хуьлу иштта. Шен хIусамера араваьлла стаг карорна цкъа-цкъа дуккха а шераш  оьшуш меттигаш кIезиг ца хилла вайн дахарехь. Дукха бу кароза бисинарш а. Цундела доьху бакъонаш ларъяран органаша цомгаш болчу шайн гергарчарна тIехь латтош долу Iуналла чIагIдаре, иштта меттиг нисъелча сихха шайга хаамбаре.

Хаамаш кечбинарг –Л.МАГОМАЕВ

№23, шинара, бекарг (март) беттан 1-ра де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: