Машар баран, герзаш деттар сацоран хьокъехь бина барт, коьртачу декъана, ларбеш белахь а барт бинчул тIаьхьарчу цхьана дийнахь-бусий уьссазза герзаш диттина.
***
«Иблисан пачхьалкхан» гIеранаша, Хонкаран Iедалан эскарша яккхий тоьпаш еттарца гIо а деш, тIелатар дира Телль-Абьяд гIалина. Оцу гIаларчу курдийн тIемалойн ницкъ кхечира уьш юхатоха.
***
Иракан коьртачу шахьаран базарахь масех эккхийтар дина. И бахьанехь 70 сов стаг велла, 100 сов стагана чевнаш йина. Оцу зуламах долу жоьпалла шайна тIеэцна «Иблисан пачхьалкхан» террористаша.
***
Сомалихь а йина тIекIал шиъ теракт. Оцу бохамехь кхелхина 21 стаг, чевнаш хилларш шозза алсам бу.
***
Индерчу цхьана вахархочо урс детташ шен 14 доьзалхо вийна, цул тIаьхьа ша а велла, шена урс а тоьхна. Оццул йоккха къизалла гайтаран бахьана хууш дац.
***
Иранан а, Къилба Корейн а куьйгалло куьйгаш яздина 5 миллиард еврон механа цхьаьнагIуллакхаш даран хьокъехь болчу бартана.
***
ХIара шо доладелчахьана Iаьрбийн а, Африкин а мехкашкара 120 эзар гергга мигрант веана Европе.
***
США-н инарлаш баьхкина Молдове. Цара кхузара эпсарш тIеман гIуллакхашна Iамор бу.
***
Украинин премьер-министра А.Яценюка мехкан Президент П.Порошенко бехке вина пачхьалкхехь карзахе хьал латтарна.
***
ГIиргIизойн Президента Iедалан векалшна тIедиллина махкахь махбар деккъа цхьана къоман валютица хилийтар.
***
Беларусерчу предпринимательша Минскехь митинг йира. Цара дIахьедира Iедалан налогийн политикин шаьш реза цахилар.
***
Воркутарчу «Северная» шахтехь хилла бохам бахьанехь 36 стаг кхелхина, 9 стаг лазийна. Шахта дIакъовла езаш хилар чIагIдо эксперташа.
***
Россин Правительствос арахецна «Роснефтана» приватизаци яран хьокъехь долу директива.
№23, шинара, бекарг (март) беттан 1-ра де, 2016 шо