Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо дIадаханчу деккъа цхьана 2015-чу шарахь фарз мархийн Рамадан баттахь сагIийна дIасадийкъира 200 эзар гали шекар, дама, дуга.
Цу безачу баттахь Сийлахьчу Маккарчу, Нуьречу Мединатерчу, Москварчу, Хонкарарчу, ГIирмерчу, Нохчийчуьрчу маьждигашкахь мархадастийтира 360 эзар стаге.
Ткъа гIурбан деношкахь Нохчийчуьрчу, Дагестанерчу, ГIалгIайчуьрчу, ХIирийчуьрчу, ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу, Кхарачойн-Чергазийчуьрчу, мехкан кхечу регионашкарчу бусалбанашна сагIийна дIасабийкъира 63 эзар сов уьстагI, 200 сов бежана.
№23, шинара, бекарг (март) беттан 1-ра де, 2016 шо